Къилба ХIирийчоьнан прокуратуро довзийтина мехкан полицин министранна кIелоярх дерг
"Марсхьокху-беттан 22-23-чохь дIаяьхьначу талламан операцешкахь карийна 10 сов маса топ, массех хIоъ, лелха коьчалш, 3 эзар сов патарма, баккхийчу барамашкахь наркотикаш", - яздо "Рес" портало, прокуратурерчу хьасташна тIе а тевжаш.
Марсхьокху-беттан 17-чохь Цхинвалин Московски кIоштахь, тесна лаьттачу гIишло чуьра герзаш диттира уллехула тIехйолучу чоьхьарчу гIуллакхийн министр Наниев Игорь чохь волчу машенна. Лазийна вац цхьа а.
Текстехь нисъяла тарло ша-шех пачхьалкх дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчохь лелош йолу меттигийн цIерш.