ХIинжа-гIалахь петарх цIе яьлла зуда а, диъ бер а делла
![ХIинжа-гIалахь петарх цIе яьлла зуда а, диъ бер а делла](https://gdb.rferl.org/DB102ACF-D748-43EE-BD4E-6058F3705F00_w800_h450.jpg)
Пхи адам делла ХIинжа-гIалахь пхоьазза тIекIелдинчу цIа чохь цIе а яьлла. Гамидовн цIарахчу урамера шина петарх кхерстина хилла цIе.
Беллачарлахь цхьа зуда а, диъ бер а ду аьлла, тIечIагIдина ТАСС агенталлана Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.
Дийцарехь, шинарин буса хаам бина хилла орцанхошка, цхьана петар чохь цIе яьлла аьлла. Орцах кхаьчначу 63 стага 18 кеп-кепарчу техникица яйъина кхерстина цIе.
Толлуш ду мича бахьанашца хилла бу бохам.