Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2020
6
20

Новости за 02.09.2020

Radiomarsho.com 

Мухьаммад Пайхамаран карикатураш карлаяхар, Кадыровн фондан бакъдерг, 21 шо долу министран хьалхара гIовс а

Пхи шо хьалха Мухьаммад Пайхамарна йина карикатураш юха а арахоьцуш ю "Шарли Эбдо"; Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо дуьххьара дIахьедина юстицин министралле, арахьарчу пачхьалкхашкара шаьш ахчанаш эцарх; културин министран хьалхара гIовс хIоттийна Кадыров Рамзанан йоI

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмадан а, шайн а, АллахIан а дуьхьа. Дагестанехь урамаш ду нохчийн политикан цIарх

Гафурова Марият 2004-чу шарахь кхелхинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан цIе тахка йолийра Оьрсийчохь урамашна, тIешна гIаланашкахь а, ярташкахь а. Дагестанехь таханенна кхо урам бу цуьнан цIе лелош – ХIинжа-ГIалахь (Котров цIарх хилларг) а, ломарчу Чохехь а, Султан-Янгиюьртахь а. "Тидам тIеберзор - иза дацара суна эшнарг"   Байначу баттахь Кадыров Ахьмадан 69 шо кхачар сагIадаккхарца даздина Султан-Янгиюьртарчу Маматханов СаIида – ши бугIа йийра цо. Шайн эвлара Почтовая ураман цIе хуьйцуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIамехь байнарш

"Бакъонийн жигаралла" ("Правовая инициатива") проекто довзийтина Нохчийчуьрчу "шолгIачу тIамехь" байначу нахах лаьцна ша бинчу талламан жамIаш.

Radiomarsho.com 

"РогIера гIалгIа вен бохкура уьш". Ницкъхойх къайлаваьлла веха Ведзижев Юнус

Евлоева Изабелла 2020-чу шеран Чиллан-баттахь дерриг а хийцаделира ГIалгIайчуьрчу Ведзижев Юнусан доьзалехь. Кхераме доцу герз духку туьканаш долахь йолчу цуьнан, юкъараллин жигархочун, Эккажкъоьнгий-Юьртарчу хIусамна гобира ницкъхоша. Ведзижевс дийцарехь, герз детта долийна цунна, масех чов йина, амма ведда, кIелхьарвала аьтто баьлла. Оцу юкъанна ницкъхоша теллина цIуьнан цIа, лачкъийна чуьра хIуманаш, изза хьал хIоттийна луларчу Пхьилекъонгий-Юьртахь йолчу цуьнан герзан туьканахь а. Цо ша бахарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь велла уьнах 6 стаг, цомгаш хилла 532

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь ялх стаг велла коронавирусан инфекцих, ткъа вирус къаьстина кхин тIе а 532 вахархочуьнца. Эпидемица къийсам латточу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла кхоъ, Краснодаран махкахь шиъ, Ставрополан кIоштахь велла цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина COVID-19 вирусах 1 199 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан махкахь - 127: Ставрополан кIоштахь+127 (12 237 ву эпидеми яьржичхьана) Краснодаран махкахь̆... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла нах миллионал сов бу

Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь йовзийтинчу статистикаца, Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла ву пачхьалкхан 82 регионера 1 000 048 стаг. Оцу боллу пандемин муьрехь велла вирусах 17 299 дархо, гIоле хилла 815 эзар сов пациентана. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а пачхьалкхехь COVID-19  вирус кхетта 4 729 вахархо ву, кхелхина 123 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Москвахь - 641 пациент, Санкт-Петербургехь - 185, Москван кIоштахь -156... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мухьаммад Пайхамарна ехкина карикатураш юха арахоьцуш ю «Шарли Эбдо»

2015-чу шарахь радикалан бусулбанаша Мухьаммад Пайхамарна йина карикатураш бахьана долуш тIелатар динчу «Шарли Эбдо» журнало юха арахоьцуш ю шайн карикатураш. ХIетахь вийра 12 стаг, шайлахь журналан коьрта редактор а, ши суртдиллархо а, ши полисхо а волуш. Хаам бина цунах лаьцна "Маршо" радион "Азаттык" сервисо. «Шарли Эбдо» редакцин бьелхахоша бахарехь, шайн байъина коллегаш дагалоцуш юха зорбане йохуш ю цара карикатураш. Мухьаммад Пайхамарна ехкина карикатураш тIехь йолу журнал зорбане доккхур ду... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эзар студенташ Минскехь протесте бевлира. Уьш дIалоьцуш йирзира акци

Дешаран шеран хьалхарчу дийнахь протесте довлар доьхуш, пачхьалкхан оппозицино кхайкхам бинчул тIаьхьа Белорусин  шахьарехь марше бевллера эзарнашкахь студенташ. Президентна Лукашенко Александрна дуьхьал хиларан символца, цIен-кIайн байракхашца, Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь Минскан юккъехь вовшахкхеттера студентийн ковранаш. Бакъонашларъяран "Вясна" тобан зерашца, мел лахара а, 55 протестхо дIалецира цу дийнахь. ОМОН-о дIасабохийнера гIалин масех меттигах гулбелларш. Байначу беттан 9-чохь харжамашкахь толам баьккхина аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Батукаевн хьокъехь дIахьедар дина гIиргIизойн хиллачу президенто

ГIиргIизойчоьнан хиллачу президента Атамбаев Алмазбека дIахьедар дина, криминалан авторитет Батукаев Iазиз бакъо йоцуш маьршаваьккхина аьлла, кхело бинчу сацаман хьокъехь. Экс-президентан адвокато Жоошев Замира даржийна цуьнан дIахьедар. Батукаев маьршаваккхаран Iалашо яра Бакиев Жанышан ГIиргIизойчу экстрадици яйта лаам хилар, йа бехкзуламан гIуллакхан материалашкахь а, йа тешийн дийцаршкахь а лаца хIума дац, коррупцица доьзна, йа цхьа кхин зуламан Iалашонца дина ду, аьлла Атамбаевс. "Суна 11 шо хан тоьхна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхечу пачхьалкхера шайна ахча кхачарх хаийтина юстицин министралле Кадыровн фондо

Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу регионалан фондо дуьххьара дIахьедина юстицин министралле, арахьарчу пачхьалкхашкара шайн чоьте ахчанаш кхачарх. Урхаллан сайтехь бина цунах хаам. ХIинццалц фондо министраллан сайтехь даьсса йоза дуьтура. Стохка фонде кхаьчна "Абу-Дабера гIо". Арахьарчу хьосташкара кхаьчначу финансех хаам бина организацино, цуьнан терго йина"Открытые медиа" гIирсо. Iарбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн коьрта шахьар ю Абу-Даби. Еллачу информацица а догIуш, Iарбаша хьажийна ахча ду - 1,95 миллион сом. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Синбахамаллин министран хьалхара гIовс хIоттийна Кадырова Iайшат

Културин министран хьалхара гIовс ю мехкан куьйгалхочун йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат. Кадыров Рамзана бина и хаам шен Телеграм-каналехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, уггар а чолхечу проекташца болх бина, куьйгаллехь лаьттина, шеца доккха зеделларг долуш ю 21 шо долу Кадырова Iайшат. Иштта, цо билгалдаккхарехь, дуккха а пачхьалкхашкахь лору коллекцеш арахоьцучу модан цIийнан коьртехь хилла ю иза, дерриг дуьненна дIагайтина цо нохчийн гIиллакхаш а, ламасташ а. Кадыровс яздо, шен йоI... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ХIинжа-гIалахь петарх цIе яьлла зуда а, диъ бер а делла

Пхи адам делла ХIинжа-гIалахь пхоьазза тIекIелдинчу цIа чохь цIе а яьлла. Гамидовн цIарахчу урамера шина петарх кхерстина хилла цIе. Беллачарлахь цхьа зуда а, диъ бер а ду аьлла, тIечIагIдина ТАСС агенталлана Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Дийцарехь, шинарин буса хаам бина хилла орцанхошка, цхьана петар чохь цIе яьлла аьлла. Орцах кхаьчначу 63 стага 18 кеп-кепарчу техникица яйъина кхерстина цIе. Толлуш ду мича бахьанашца хилла бу бохам.


В Люберцах 40 детей-сирот обеспечат жильем в этом году

Чеченка Лия Заурбекова поделилась подробностями конфликта с семьей в полиции

Два автомобиля столкнулись на Кутузовском проспекте

Онлайн-очередь на жилье для детей-сирот появилась в Подмосковье



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Житель подмосковного Жуковского выращивал коноплю в гаражном подвале

Захарова назвала приступом безумия версию, что за покушением на Фицо стоит РФ

Шизофрения и болезнь Альцгеймера: симптомом какой болезни может стать потеря обоняния

Загрутдинов: в эскалаторном тоннеле вестибюля станции БКЛ «Рижская» ставят кольца

Музыкальные новости

"Спартак" обыграл "Рубин" со счетом 3:1

ЦСКА и "Нижний Новгород" забили 8 голов в матче РПЛ

NYT: встреча Путина и Си Цзиньпина показала непоколебимость поддержки РФ Китаем

Минское «Динамо» одолело «Шахтер» на финише 9-го тура чемпионата Беларуси

Новости России

Захарова назвала приступом безумия версию, что за покушением на Фицо стоит РФ

Неизвестные устроили массовую драку со стрельбой в Москве

Собянин подвел итоги Московской олимпиады школьников

Музыкальный театр просит красноярцев о поддержке на всероссийском конкурсе проектов

Экология в России и мире

Коломна

Дорожные ирригаторы Revyline RL 660 New Black скоро появятся в представительстве бренда в Улан-Удэ

В Турции в ужасе удивились: сотни нелегальных отелей как ни в чем не бывало принимают туристов и выставляются на площадках бронирования

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ

Спорт в России и мире

Арина Соболенко сняла траур по Кольцову и завела новые романтические отношения

Российский теннисист Медведев опустится на строчку в рейтинге ATP

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Рыбакина узнала свое место в новом мировом рейтинге

Moscow.media

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

ТСД SAOTRON RT-T50: высокопроизводительный терминал сбора данных промышленного класса

Новые наушники Nothing Ear и Ear (a) уже доступны







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *