ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 дархо. Вирус кхетта ву – 489 стаг
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, коронавирусан уьнах кхелхина 9 пациент, вирус кхетта кхин а 489 стагана.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан дIахьедарца, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь велла кхоккха пациент, Дагестанехь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ кхелхина.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах велла 1 193 дархо.
ТIаьххьарчу информацица, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 125 стаг:
Ставрополан кIоштахь +125 (12 110 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран махкахь + 86 (11 294)
Дагестанехь +74 (11 073)
ГIалмакхойчохь +57 (4 326)
Кхарачой-Чергазийчохь +48 (5 163)
ГIебарта-Балкхаройчохь +28 (6 542)
ГIалгIайчохь +27 (4 424)
Къилбаседа ХIирийчохь +21 (4 943)
Адыгейхь +19 (3 405)
Нохчийчохь +4 (2 274)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 65 165 стаг ву коронавирусаца. Ткъа йоллу Оьрсийчохь бу уьш - 1 000 048 пациент.