Темирбулатов Салман, тIемалойн баьчча, велла тоьшаллаш даха набахтера Соьлжа-ГIала валийначохь
![Темирбулатов Салман, тIемалойн баьчча, велла тоьшаллаш даха набахтера Соьлжа-ГIала валийначохь](https://gdb.rferl.org/3726E219-2E1D-4862-8944-397C28816331_w800_h450.jpg)
Нохчийчохь, дог а сецна, велла, махкарчу Iедалхоша бахарехь, цига Владимир-махкарчу набахтера талламан урхалло байначу беттан 26-чу дийнахь тоьшаллаш даха валийна Ичкерин эскарера Гуьмсан кIоштан амир лаьттина Темирбулатов Салман. Иштта хаам бина ницкъхоша цуьнан гергарчу нахе.
Информаци хьостанашкара хIинцца бен ца кхаьчна Кавказ.Реалиига.
47 шо дара Темирбулатовн. Веллачун уллерчу доттагIчо дийцарехь, Нохчийчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин республикерчу урхалло валавайтина хилла иза, цуьнга ша махкахь герз къайладаьккхина меттиг гайтийта. Юьйцу меттиг хилла Веданан кIоштарчу Теза-Кхаьллана гергахь.
Герз дIахьулдина тоьла карийра ницкъхошна дIадахначу Iай.
Темирбулатовс ша цкъа а хилла вац Теза-Кхаьллахь, юьйцу тоьла шена евзаш яц, чIагIдора (редакцехь бу цо бина хилла аудиохаам). "Веданан кIошт сан куьйгаллерчу зонехь цкъа а ца хилла", – бохура тIамехь баьчча лаьттинчо.
Кавказ.Реалиин аьтто ца белира Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векалтера комментари яккха. Тимербулатов Нохчийчу дIахьажийначу Владимиран централо а ца ийцира телефон схьа – цига жоп далар доьхуш кехат хьажийна редакцино.
Хьалхо оха хаийтира Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино Тимербулатовна тIехь Iазап латторна Оьрсийчоь бехкейина хилар.
Шена тIехь гIело ярна Темирбулатовс 2018-чу шарахь мацалла кхайкхийра Владимиран централехь, гIоьртинера ша вен.
Темирбулатовна низамехь йоцчу тIеман гIеранашкахь леларна 20 шо хан кхайкхийра набахтехь яккха. Талламо бохура, иза амир хилла Гуьмсан кIоштахь. Президентан Масхадовн Асланна дуккха а шерашкахь герга лаьттина вара Тимербулатов Салман.