Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer


Октябрь
2020
18

Новости за 05.10.2020

Radiomarsho.com 

Темирбулатов Салман, тIемалойн баьчча, велла тоьшаллаш даха набахтера Соьлжа-ГIала валийначохь

Нохчийчохь, дог а сецна, велла, махкарчу Iедалхоша бахарехь, цига Владимир-махкарчу набахтера талламан урхалло байначу беттан 26-чу дийнахь тоьшаллаш даха валийна Ичкерин эскарера Гуьмсан кIоштан амир лаьттина Темирбулатов Салман. Иштта хаам бина ницкъхоша цуьнан гергарчу нахе. Информаци хьостанашкара хIинцца бен ца кхаьчна Кавказ.Реалиига. 47 шо дара Темирбулатовн. Веллачун уллерчу доттагIчо дийцарехь, Нохчийчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин республикерчу урхалло валавайтина хилла иза... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанехь куьйгалхо хийцина: Васильев - дIавахана, Меликов – веана

Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира дитина шегара дарж. Цуьнан бахьана ду боху Кремлан сайта тIехь Васильевн могашалла эшар. Президентан Путин Владимиран сацамца, Дагестанан куьйгалхочун дарж ханна, рогIера харжамаш тIекхаччалц, тешийна Меликов Сергейна. Хьалхо масийтта хаамийн гIирсо информаци яржийра, Васильев даржах мукъавер ву, цуьнан метте инарла-полковник, Ставропол-мехкан цIарах Федерацин кхеташонера сенатор Меликов хIоттор ву, аьлла. 71 шо кхаьчна Васильевн. Кхаа шарахь Iийра иза Дагестанан коьртехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Къам галморзахдаьллачу" заманан литература. Муха, хIун йоьшу Нохчийчохь?

Нохчийчохь шолгIа тIом бирзина масех шо даьллачул тIаьхьа Американ Foreign Policy журнало нохчийн журналисташца юкъахь таллам бира, республикехь шина тIамах бевллачу бахархоша хIун книгаш йоьшу хаа Iалашонца. ХIетахь царна билгалделира, Соьлж-ГIалин бахархоша тIом балале хьалха хиллачуьнца дуьстича, кхин башха дукха книгаш йоьшуш йоцийла. Ешахь а, цхьа атта, чолхе йоцу литература. Нохчийчохь Советан заманахь оьрсийн а, арахьарчу а классикийн произведенеш йоьшуш хилла бахархой эххар а детективашка а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 10 стаг велла, 672 цомгуш хилла

ШолгIа де ду Оьрсийчохь коронавирусах цомгуш хуьлучийн дийнан терахь 10 эзарнал совдуьйлу. Официалан хаамашкара ю и информаци. Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса цомгуш хилла 672 стаг. Дийнан а, юхьанцара а статистика иштта ю: Ставропол-мохк+149 (16 827) Краснодар-мохк + 95 (14 482) Дагестан + 85 (13852) Кхарачой-Чергазийчоь + 81 (7 434) ГIалмакхойчоь + 76 (6 811) ГIебарта-Балкхаройчоь + 57 (7 934) ГIалгIайчоь + 49 (5 933) Къилбаседа ХIирийчоь + 35 (5 995) Адыгей + 39 (4... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кавказехь куьйгалхой хуьйцу боху, тахана а хууш яц Тепсуркаев волу меттиг

Даржаш дита тарло Дагестанан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхоша; Тепсуркаев Салман вадийна хилар гойту тоьшаллаш карийна; хеттарш динчу бахархойх 73% кийча яц COVID-19 эшаен мехий шайна деттийтаг

Radiomarsho.com 

Навальныйн агIончаша банкашкахь шайн ахча дIакъовларца доьзна 32 арз дахьийтина Страсбургерчу кхеле

Навальный Алексейн штабан жигархоша Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле 32 арз хьажийна, «Коррупцица къуьйсалучу фондехула» (ФБК) шаьш доладерзадо аьлла, Оьрсийчоьно шайн ахча дIакъовларца доьзна. Оцу хьокъехь хаам баржийна РБК агенталлехула бакъоларъярхойн "Агора" тобано. Аьрзнаш дахьийтиначаралахь бу Оьрсийчуьрчу 25 гIалину штабашкара жигархой. Политикаца доьзна «лецна» шайн ахчанаш Iедало, иза оцу кепехь дIалакъо гIерта шаьш бен оппозицин болх, адамашна цхьаьнакхетаршка гулдала Европан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Геч а ма де

Геч а ма де Башха дац со кхалхарх Ломахь я арахь, Тезетахь Iаьржа - кIайн Къеста ма ве . Амма сох кадамбе Сан нохчийн маттахь, И безаш ца хиллехь, Геч а ма де.

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Нохчийчоьне

Нохчийчоьне Нохчийчоь, ас къамел До хьоьца тахна. Со ву ирсечу Лаьмнашкахь кхиънарг. Ву царех къастарна Чов хилла дагна, Геннарчу цу арахь Ца ваьлла лелларг, Вац хIинца дог гIийла. Веха сан махкахь. Сирла ю Iуьйренаш Хьомечу арахь. Лаьа-кх ахь декийта Сан иллеш тахна, Хьайн лаьмнех бухдуьйлу Шовданаш санна.

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. ТIулган дийцар

ТIулган дийцар ТIулг бара цкъа айлуш, тIаккха чулахлуш, И хьоьстуш керчара ламанан хи. ТулгIеша ен гIовгIацкъачунна лахлуш, Шен маттахь къамел дан хIоьттира и. -Ма мотта даима со кхузахь Iийна, Беха бу лаьтта тIехь ас кхехьна некъ. Есаллин садукъден тов а ма зийна, Аренех, башлаьмнех бийлина чекх. Чехийна, кхолламан вуон, дикий кхийдош, Собарца лайна ас халонийн дукъ. Наха а, шаьш лардеш, герзашца къийзош, Дарбина хийлазза сан шога букъ. Iиллина хьоладен хурманийн бешахь, Кочачу эшаршка дийгIина ла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Даге

Даге ДуьххьалдIа аьттуна со къежо гIерташ, Сан некхах эрна ма леталахь, дог. Хьакъ доцчу дешнашца дозалле кхийдаш, Осалчу цу новкъа ма гIолахь, дог. Харц, бакъо къасточохь вистхила дезча, ХьегIарца, ладоьгIуш ма Iелахь, дог. Сихаллехь цхьаьнга ас цадогIург аьлча, Кханенна байттамал ма делахь, дог. Ца оьшу хестамаш, хабаран толам Вайшинна юьстах ахь биталахь, дог. Иллешца къобалбеш къонахийн болам, Цаьрца бакъ хьошалла кхоллалахь, дог. -КIант,-сихло Даймехкан орцанна гIатта!- Аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Къоламе

Къоламе Шарша, сан къолам, хьо шарша Кхуллучу хIора а дашца, Кхайкхорца сан лаам, безам. Лен доцчу иллешца бека. Аттачу дешнашка кхийдаш, Ма яйа эрна хан-зама, Осала некъахо човхош , Бакъонна пусар дан Iама. Халкъан ирс лардечу новкъахь Сан деган туркх хилий гIатта. Бекхаман шед хилий, доггах , Харцонан пIендарийх хьарча.

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Оьздалла

Оьздалла Оьшуш ю стагана, оьздалла, хьо а, Качвелла, ца сетташ, дегI нийса латто. Оьшу хьо сийлахьчу тешамна бертахь, Нийсонан пусар деш, дог цIена гIатта. Оьшу хьо цхьанна а яхь елла воцуш, Халонца къийсалуш, толамаш баха. Оьшу хьо, къаьсттина, дахаран новкъахь, Хьарамчу рицкъанах куьг лардеш ваха.

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Веданан гIап 

Веданан гIап ПаргIато езачу Веданан арахь Шуьйрра дIабаржийна Хьан мокха тIам , Сан дайшна гIелоян Даьккхинчу хоршахь Ма цхьана йисси хьо, Веданан гIап? Цу корийн хьежаро ДIаьвше цIе етташ, Кхоьллина масане Iовжаме де?! ХIинца и дIаяйна. Маьрша ду некъаш Бохур дац, вон бу нах, Кхин цкъа а ахь. Орамаш хьарчийна ТIулган цу некъах Зезаг ду моьлуш малх Хьан кора тIехь. Хенаш тIехъйилла хьан, Зардоларх пенаш, Лаьтто чкъор хийцина Ширъяларх чхо, Маьршачу дахаран Аьзнашца йоьлуш, Тур карахь долчул хьо Ницкъ болуш го. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Ойланийн хеттарш

Сулейманов Юсуп Ойланийн хеттарш Орцанна догцIена гIаьттина вогIучу Беречун чехкачу некъах, Чот йоцчу безамца агана хьоьжучу Къоначу цу ненан еларх Кхаъ хиллий хьан дагна Сахиллалц лоькхучу Зарзарийн зевнечу эшарх? Дохк доцчу стигланийн лакхене кхерстачу Кхокханан сийна тIам беттар, Шен хоршан йистошкахь зезагаш хьоьстучу Шовданан эсала керчар, Ма-гинна, айделла, хьаьвсина дуй техьа Зоьрталчу пепнийн и баххьаш? ПаргIато ларъечохьца ласта хIиттинчу Нуьцкъалчу мокхазан бердех, Нийсонан мерз бекош... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Даймахке

Сулейманов Юсуп Даймахке Йист йоцчу стигланийн Аренаш санна, Даймохк,хьан безамна Сан дог ду шорта. Хьо хесто лерам бан Массо а ханна, Дуй биъна, хьан сийдеш, Туху ас корта. 1959 шо.

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Ас цунна некъ лур бу

Сулейманов Юсуп Ас цунна некъ лур бу Эшамо язйинчу дахаран ворданахь Тишвелларг мухха а новкъахь сайн Iотталахь, ГIо гойтуш, айвелла, вошаллин куьг делла, Хало а, гIайгIа а ас цуьнца йоькъур ю. Буьрсачу къийсамехь ирс лардеш да воьжча, Дисинчу буо-беро, де эшна, неI тоьхча, Сихвелла гIаьттина, пхьор делла, хьаьстина, Сайн хIусман и йовхо ас цунна дIалур ю. Халкъан ирс лехарехь тешаме куьг делла, Харц чехош, бакъонан урх лаца сихвелла, ВогIучу цу новкъахь и дуьхьал Iотталахь, Суо бердах водахь а, ас цунна некъ лур бу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сулейманов Юсуп. Аьхке

Сулейманов Юсуп Аьхке Комаьрша хьоьжучу Сирлачу малхо Нур лучу тулгIешца Зезагаш ловзош, Бай хьоьстуш хьоькхучу Эсалчу мохо НиIмат ду хIуо цIена Iаламе кхийдош. Цу мохан хьекхарехь ХIорд санна техкаш, Лаьттачу хьаннашкахь Зевналла ека. Сийначу цу стиглахь Бамбеха керчаш, ГIевттинчу мархийн а КIайн кескаш текха. Аренга идарца ГIар хазош генна, Iаннашкахь кхиссалуш Шовданаш дека, Аьхке тхан ирс ду, Бохучух терра Хотера атйокх а Сов тайна ека. Аьхке хьан Iаьнарца Ун - бала бедда... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тепсуркаев Салман вадийна хилар гойту тоьшаллаш карийна

Бакъоларъярхоша чIагIдарехь, гучудевлла 19 шо долу Нохчийчуьра оппозиционер, "1Adat" телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман Нохчийчуьрчу полицино вадийна хиларх долу керла тоьшаллаш. "Iазапна дуьхьалояран комитетан" хаамца, жимастаг вадо баьхкина нах хилла Нохчийчуьра ноьмарш йолчу шина машенца. Царех цхьана машенан да ву полцин белхахо. Цул сов, Тепсуркаев вадавале хьалхо иза чохь вехачу хьешан цIийне телефон тоьхна а хилла Соьлжа-ГIалахь жимастаг вехачу куьпанна тIевиллинчу полисхочо. И информаци "Кимитето" дIаелла талламчашка... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iаьрбийчоьно Iумрат дар магийна

Бусулбачийн езачу меттигашка кхача СаIуда Iаьрбийчоьно некъаш даьстича Мекка юхабаьхкира дуьххьара зияртхой. Коронавирус яржарна кхоьруш ах шо хьалха карантин яра цигахь юкъаяьккхина.

Radiomarsho.com 

Даржаш дита тарло Дагестанан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхоша

Шайгара даржаш хенал хьалха охьадахка тарлуш ду Дагестанан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхоша. "Минченко консалтинг" холдинго кечйинчу "политикан чIагIонан рейтинганна" тIе а тевжаш, яздо оцу хьокъехь "Ведомости" газето. Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира шега дарж дита тарлуш хиларх лаьцна хаам бира хьалхо РБК-но а. Президентан администрацерчу хьостанна тIе а тевжаш, яздора агенталло, цуьнга претензеш яц, амма цо дарж дита мега могашаллица доьзна, аьлла. 71 шо ду Васильевн. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хеттарш динчу бахархойх 73% кийча яц COVID-19 эшаен мехий шайна деттийта

Коронавирусна дуьхьал арахецна вакцина шайна яйта кийча бац Оьрсийчоьнан бахархойх 73%. 23% нах реза бу и мехий шайна деттийта, ткъа 4% бахархоша, шаьш лайна девлла ун, мехий деттийта хьашт дац, аьлла. Иштта ду РИА Новости агенталло довзуьйту «Цхьааллин Оьрсийчоь» онлайн-хаттаман жамIаш. Хеттаршна жоьпаш делла 20 000 стага, жамIаш дIакхачор ду могашаллин министре Мурашко Михаиле, боху агенталло. Жоьпаш деллачу 93% наха боху, вакцинаци бахархошна лаамехь еш хила еза, ткъа 7% наха къобалдо, хетта а ца хоьтуш... Читать дальше...


10 км окружной дороги Калуги отремонтируют в Малоярославецком районе

«Автомат», проверенный мотор и надёжность Toyota за 2,15 млн рублей. В России подешевели Toyota Vios

«Реальные цены». В каких домах Севастополя продаются самые дорогие квартиры на вторичном рынке?

Фридман потребовал 15,8 млрд евро от Люксембурга за «экспроприированные» активы



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

10 км окружной дороги Калуги отремонтируют в Малоярославецком районе

В Талдомском округе на торгах реализован самый бюджетный участок за неделю

Порядка 1 млн вызовов поступило в пожарную охрану по номеру «112» в Подмосковье

В столице экс-ректор МГРИ получил 5 лет колонии за хищение 25 млн рублей

Музыкальные новости

Что там в IT: ИИ-отрыв Google, ChatGPT почти человек, отечественный BIOS

Театр танца Катерины Нейман выступил на главной сцене ТРЦ «Нора»

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Опера «Тоска» 25 мая. Состав исполнителей

Новости России

Тульские музыканты подарят орловчанам концерт народной музыки

В Талдомском округе на торгах реализован самый бюджетный участок за неделю

Экс-мэру Ярославля Евгению Урлашову отказали в досрочном освобождении

В столице экс-ректор МГРИ получил 5 лет колонии за хищение 25 млн рублей

Экология в России и мире

Вкусно и безопасно: гастроэнтеролог Садыков назвал 5 продуктов, снижающих холестерин

Светлые оттенки весенней моды: стильные идеи для женщин в возрасте

Июньские дни духовности: Православные праздники месяца от ясновидящей Галины Янко

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Спорт в России и мире

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP

Новаку Джоковичу исполнилось 37 лет в Швейцарии | Виды спорта

Даниил Медведев идет третьим в чемпионской гонке ATP, Андрей Рублев — пятый

Moscow.media

Новые наушники Nothing Ear и Ear (a) уже доступны

В деле об убийстве в Екатеринбурге шестилетнего мальчика появился третий фигурант

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *