Хеттарш динчу бахархойх 73% кийча яц COVID-19 эшаен мехий шайна деттийта
![Хеттарш динчу бахархойх 73% кийча яц COVID-19 эшаен мехий шайна деттийта](https://gdb.rferl.org/8ae915f8-c116-4e63-9f5a-17e6d5ccf1cb_w800_h450.jpg)
Коронавирусна дуьхьал арахецна вакцина шайна яйта кийча бац Оьрсийчоьнан бахархойх 73%. 23% нах реза бу и мехий шайна деттийта, ткъа 4% бахархоша, шаьш лайна девлла ун, мехий деттийта хьашт дац, аьлла. Иштта ду РИА Новости агенталло довзуьйту «Цхьааллин Оьрсийчоь» онлайн-хаттаман жамIаш.
Хеттаршна жоьпаш делла 20 000 стага, жамIаш дIакхачор ду могашаллин министре Мурашко Михаиле, боху агенталло.
Жоьпаш деллачу 93% наха боху, вакцинаци бахархошна лаамехь еш хила еза, ткъа 7% наха къобалдо, хетта а ца хоьтуш, адамашна уьнна дуьхьал мехий деттар.
«Молха муьлханиг тохийта реза ду шу, Оьрсийчохь арахецнарг я дозанал арахьа», аьлла динчу хаттарна жоп луш, 13% наха шайна дозанал арахьараниг тоьлуш хета, аьлла. 63% бхархошна бен-башха а дац вакцина хьан юкъаяьккхина, царна коьртаниг – иза дика хилар ду.