Сулейманов Юсуп. Оьздалла
![Сулейманов Юсуп. Оьздалла](https://gdb.rferl.org/F9B1132E-F59E-42CE-AE02-28AE09E46B77_w800_h450.jpg)
Оьздалла
Оьшуш ю стагана, оьздалла, хьо а,
Качвелла, ца сетташ, дегI нийса латто.
Оьшу хьо сийлахьчу тешамна бертахь,
Нийсонан пусар деш, дог цIена гIатта.
Оьшу хьо цхьанна а яхь елла воцуш,
Халонца къийсалуш, толамаш баха.
Оьшу хьо, къаьсттина, дахаран новкъахь,
Хьарамчу рицкъанах куьг лардеш ваха.