Туркойчохь мохкбегийа велла мел лахара а 25 стаг
Мохкбегоран эпицентр хилла Эгейскан хIорд болчахь. Иттаннашкахь гIишлош охьахаьрцина. Херцаршна бухара 100 стаг ваьккхина. Нах кIелхьарабохуш белхаш хIинца а дIахьош бу.
Мохкбегор хааделла гергарчу желтойн гIайреш тIехь бехачарна а. Желтойн махкахь мохкбегийча велла ши стаг, лазийнарг 20-х ву.
Уггара а ницкъе мохкбегийра Измирехь 1999-чу шарахь. ХIетахь велира 17 эзар стаг.