Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2020
18

Новости за 31.10.2020

Radiomarsho.com 

Ажигова Iайшина тIехь Iазап латтийначарна бархI-бархI шераш дехна прокуроро

ГIалгIайчура 8 шо долу Ажигова Iайшина тIехь къизаллаш лелорна бехкебечарна колонехь даккха бархI-бархI шераш дехна прокуроро. ЙоIана тIехь Iазап латторна бехкейо цуьнан дейиша Ганиева Макка а, цуьнан хIусамда, полисхо лаьттина Марзиев Iийса а. Юкъарчу хьелашкахь даккха бархI шо тохар дехна прокуроо Ганиевана, ткъа Марзиевна шога раж латточу набахтехь даккха бархI шо тоха аьлла, яздо "Интерфаксо". Бехкаш шиммо а а тIе ца лоцу. ТIедогIучу кIиранах кхелахоша бовзуьйтур бу цу шиннан хьокъехь шаьш бина сацам. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Туркойчохь мохкбегийа велла мел лахара а 25 стаг

Туркойчоьнан малхбузерчу Измирехь мохкбегийна велла мел лахара а 25 стаг, лазийна 800 меттигера вахархо. ПIераскандийнахь бегина мохк шен ницкъаллийн гайтам (магнитуда) 6,6 болуш. Мохкбегоран эпицентр хилла Эгейскан хIорд болчахь. Иттаннашкахь гIишлош охьахаьрцина. Херцаршна бухара 100 стаг ваьккхина. Нах кIелхьарабохуш белхаш хIинца а дIахьош бу. Мохкбегор хааделла гергарчу желтойн гIайреш тIехь бехачарна а. Желтойн махкахь  мохкбегийча велла ши стаг, лазийнарг 20-х ву. Уггара а ницкъе мохкбегийра Измирехь 1999-чу шарахь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Жириновскийца конфликте ваьлла Кадыров

Оьрсийчоьнан Либералан-демократин партин куьйгалхочунна Жириновский Владимирна гечдар дехар тIедожийна Нохчийчоьнан куйгалхочо Кадыров Рамзана. "Жириновский, айхьа аьллачунна къинтIера довлар деха... Оьрсийчоьнан пачхьалкхан политикаца а, билгалъяьхначу приоритеташца а бIостане ду ахь дуьйцург", - яздина Кадыровс телеграмехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Францин президенте аьллачун хьокъехь вистхиллера Жириновский, Оьрсийчоьнан субъектийн куьйгалхойн гIуллакх дац арахьарчу политикана юкъагIерта а, терроризмна тIехIитта а аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Мемориал": Куьршаларчу бахархошкара телефонаш дIа а яьхна, царна дуьхьал харцо яккха Iалашо ю полицин

Нохчийчуьрчу полисхоша мел лахара а 14 Куьршалара а, Цоци-Юьртарчу а вахархочуьнгара телефонаш схьаяьхна, церан лоьмаршаца телеграмехь аккаунташ схьайоьллуш ю. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро бина и хаам пIераскан дийнахь. Бакъоларъярхойн хаамашца, карарчу беттан 23-24-чу деношкхаь шайн цIера дIабигина бу уьш. Хеттарш динчул тIаьхьа буса сахьт долчучу хенахь 25-чу бусу дIахецна лецнарш. 2017-чу шарахь ницкъахоша бигина,  Кадыров Ахьмадан полкан территори тIерачу къайлахчу набахти чохь Iазапаш лелийна... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *