Дагестан: 23 сахьт даьллачул тIаьхьа болх беш хир яц ресторанаш, садоIу меттигаш
![Дагестан: 23 сахьт даьллачул тIаьхьа болх беш хир яц ресторанаш, садоIу меттигаш](https://gdb.rferl.org/711B7FF1-DA88-4446-89DE-FCC552AD5C4A_w800_h450.jpg)
Дагестанан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Меликов Сергейс омра арахецна коронавирус яржарца доьзна махкахь цхьацца бехкамаш юкъабохуш. Масала, буса, 23-6 сахьташна юкъахь, доьхкуш ду белхаш бан рестранашна кефешна, садоIучу меттигашна.
Цул совнах, Дагестанан куьйгалло хьоьху 65 шарера бевллачу махкарчу бахархошна цIера ара цабийлар.
Дехкарш юкъадовлу карачу Лахьан-беттан 3-чу дийнахь.
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Дагестанехь коронавирусах велла 2 пациент, 87 цомгуш хилла.