Оппозиционер Немцов Борис вуьйш дакъалаьцначу нахах кхин а масех тидамехь хилла талламан, амма цо уьш жоьпе ца озийна, яздо "Медиазона" а, Scanner Project а порталаша. Оцу шина хаамийн гIирсо бинчу талламо гойту официалехь шайна тIе бехк баьхьначу нахаца – Дадаев Заурца, Эскерханов Темирланца, Махмудов Русланца – цара Немцов вуьйчу муьрехь телефонехула къамелаш деш Хатаев Асламбек а хиллийла. Талламан комитет Геремеев Руслан лаца кечлучу хенахь Хатаевс цунна а, шена а авиабилеташ эцна Немцов... Читать дальше...
Юьхьанца Кадыровн, хIинца муфтийн Межиевн къамелаш товш доцийла хаийтина Кремло; ГIалгIайчохь пенсин фондан куьйгалхо Iийнарг кхеле озийна ненан капитал лачкъорна; Дагестан: 23 сахьт даьллачул тIаьхьа болх беш хир яц ресторанаш, садоIу меттигаш
Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа массо а францхой мостагIий лара беза алар ца тайна Кремлна. Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс муфтийс динчу къамелна комментари еш аьлла: "Тхуна герагахь, мехала Iалашо ю кхечу пачхьалкхийн дипломатийн векалташна кхерамзалла латтор а, кхузахь аьлча, Францин, вайн пачхьалкхан территори тIехь арахьарчу мехкийн бахархошна кхерамзалла хилийтар а". Песковн дIахьедар довзийтина ТАСС агенталло. Пресс-векало билгалдаьккхина, и гIуллакх "теологин дийцаршка" даккха оьшу аьлла ца хета шена. Читать дальше...
Иттаннаш эзарнашкахь тIеман тобанашка а бетталуш, Ломан Карабахе тIом бан баха дагахь бу дозанал арахьара эрмалой. Царах дукхахаберш, шайн белхаш дIа а тесна, кечлуш бу тIеман Iаморашка дIаязбала.
ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 15 дархо, ун кхетта регионехь кхин а 883 вахархочунна. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 лазар кхетта 7 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а – кхоккха, ГIалгIайчохь а, Ставропол-махкахь а – цхьацца вахархо. Коронавирусах ерриг а хенахь велла Къилбаседа Кавказехь 3070 стаг. Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а кхиина статистика: • Ставропол-мохк +196 (21671) • Краснодар-мохк... Читать дальше...
ГIалгIайчоьнан пенсин фондан коьртехь лаьттинчу Вышегуров Мовладна а, цуьнца цхьаьна кхин а 22-нна а дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх кхачийна Магасан кхеле. Бехкебечарна дуьхьалдаьккхина ненан капиталца хьарамло лелор, бюджетера 38 миллион сом лачкъор, яздо "Коммерсанто". Зударшна мехах ненан капиталан сертификатех ахча дIала некъ а кечбой, цаьргара кехаташ схьа а оьций, бовш хилла хьаькамаш. Цул сов, дуьнентIехь дан а доцчу берашна тIеяздеш а хилла тобано ахчанаш. Ишта курхалла ян, сертификаташ тIеязъян... Читать дальше...
Дагестанан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Меликов Сергейс омра арахецна коронавирус яржарца доьзна махкахь цхьацца бехкамаш юкъабохуш. Масала, буса, 23-6 сахьташна юкъахь, доьхкуш ду белхаш бан рестранашна кефешна, садоIучу меттигашна. Цул совнах, Дагестанан куьйгалло хьоьху 65 шарера бевллачу махкарчу бахархошна цIера ара цабийлар. Дехкарш юкъадовлу карачу Лахьан-беттан 3-чу дийнахь. ТIаьххьарчу дийнахь-буса Дагестанехь коронавирусах велла 2 пациент, 87 цомгуш хилла.
Хьалха а санна, Оьрсийчоьнан бахархойх дукхахберш (59 процент) шек бу COVID-19 цамгарна дуьхьал кхоьллина вакцина тешаме хиларх, кийча бац иза шайна тохийта. Цу тIе, нахехь и цатешам чIагIбелла шина бетта чохь, боху таллам бинчу "Левада-центран" социологаша а, цаьрца хаттамехь дакъалаьцначу "Открытые медиа" хааман гIирсо а. Ши бутт хьалха шаьш вакцина шайна яйта кийча бац бохура 54% реципиенташа. Оьрсийчохь маьхза а, бахархойн лаамехь а ен вакцинаци шайна яйта кийча ду шаьш аьлла 36% наха. "Левада-центран"... Читать дальше...