ЦIе ца йоккхучу лазаршца болчу нахана тIехь ахча кхоорна бехкейина Нохчийчоь
"Молекуляран-генетикан талламаш ца бинехь а, таргетан терапи язъеш хилла царна. Сан хаттар ду лоьрашка-онкологашка: иштта дан мегаш дарий? Гуш ду, дацара. Хетарехь, йа цигахь лоьраша кхечу хьостанашкара эцначу цхьахйолчу анализех пайдаэцна. Тарло, бахархоша шайгара ахча а луш йина, тамашен хIун ду, уьш маьхза, ОМС-ан чоьтах ян йиш йолуш яра", аьллачу урхаллан куьйгалхочун Царева Ольгин, Оьрсийчоьнан онкологин конгрессехь дина дIахьедар далийна "Медвестник" гIирсо.
Молекуляран-генетикан талламаш бина хиларх ОМС-ан информаци йоцу 13 регионан цIе яьккхина Царевас. Шаьш бахьанаш толлур ду аьлла, тIетоьхна цо.

