Бутт бовш дуьненаюкъара кеманийн рейсаш кхин а алсамйохур ю Соьлж-ГIаларчу аэропорто
Цо бахарехь, пачхьалкхехь 150 гергга рейс йо баттахь карарчу хенахь. Кеманийн жигаралла лах ца еллера боху Шахгириевс, коронавирусан пандемии йолуш а.
Карладоккху, карарчу шеран 2020-чу шарахь дуьненаюкъарчу пачхьалкхашка кеманаш гIовттийта бакъо елларг Къилбаседа Кавказера "Грозный Северный" цхьа аэропорт бен яц. Хьалхо коронавирус яржарна кхоьруш кеманаш дIасалелар совцийнера Нохчийчохь.

