Оьрсийчохь президент лаьттинчуьнга валлалц сенаторалла далар къобалдина депутаташа
Проекто бахарехь, сенаторан статус караоьцуш президента ша дарж дитале 3 бутт хьалха чудала деза оьшу документаш.
Экс-президентан кхерамзалла чIагIъеш долу низам а ду Думехь дийцаредеш.
"Хийцамаша билгалдохур ю федералан низамо президент лаьттинчун дахар Iалашдан кхачош долу хьелаш, иза оьшу пачхьалкхан а, халкъан а чIагIонна", – билгалдаьккхина проектан инициаторех волчу Крашенинников Павела, яздо "Интерфаксо".