Шемара цIа далийна 16 бер Дагестане дIакхачор ду
Цо дийцарехь, кху муьрехь 3,5 шарера 16 шаре кхаччалц долу бераш Москвахь латтош ду. Лоьрех чекхдаьхначул тIаьхьа гергарчийн кара лур долуш ду уьш.
Карладоккху, Лахьан-беттан 13-чохь пачхалкхан тIеман министраллан кеманца Шемара Оьрсийчу кхачийна 31 бер. Цул тIаьхьа пхи де даьлча Къилбаседа Кавказерчу мехкашкарчу гергарчу нахе дIакхачийра бархI бер. Цул тIаьхьа кхин а ворхI бер дIадигира Нохчийчу а, Дагестане а.