Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2020
1
15

Новости за 23.11.2020

Radiomarsho.com 

Шемарчу берашна хIусам карор, Нохчийчуьра лахара алапаш, дзюдон чемпионатехь тоьлла нохчо

Шемара цIа далийна бераш церан гергарчу нахе дIакхачор ду; Лахара алапаш оьцучу регионийн могIарехь нисъелла Нохчийчоь; Прагерчу дзюдон чемпионатехь тоьлла нохчийн спортхо

Radiomarsho.com 

Шен гергара нах меца ца бита хьийза Кадыров

Мехкан куьйгаллехь хийцамаш бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен гергара нах даржашкахь дIатарбина. Дуьххьара дац регионехь оцу тайпа принцип лела.

Radiomarsho.com 

Шемара цIа далийна 16 бер Дагестане дIакхачор ду

Карарчу беттан 13-чохь Шемара цIа далийна бераш Къилбаседа Кавказан мехкашкарчу церан гергарчаьрга дIакхачор долуш ду, яздо REGNUM агенталло. Дагестане дIахьажор ду 16 бер аьлла, хаамбина республикан берийн омбудсмено Ежова Маринас. Цо дийцарехь, кху муьрехь 3,5 шарера 16 шаре кхаччалц долу бераш Москвахь латтош ду. Лоьрех чекхдаьхначул тIаьхьа гергарчийн кара лур долуш ду уьш. Карладоккху, Лахьан-беттан 13-чохь пачхалкхан тIеман министраллан кеманца Шемара Оьрсийчу кхачийна 31 бер. Цул тIаьхьа... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Латархо Харитонов: суна ахча схьа ца луш леттера иза сох

Кху деношкахь шена йиттина UFC- н латархо Яндиев Адам курхаллаш лелорна бехкевина Оьрсийчоьнан ийначу кепехь (ММА) латархочо Харитонов Сергейс. Декхар схьа ца дала летта шех шен оппонент аьлла, билгалдаьккхина цо. "Харитоновс бахарехь, ша шех тешаш хиларх а, юкъаметтиг дика хиларх а пайда а эцна, шегара Iехийна миллион сов сом ахча даьккхина Яндиевс", - дуьйцу Baza телеграм-канало. Сергейс бахарехь, 2017-чу шарахь делла цо Адаме дуьйцу ахча. Ресурсан хаамашца, латархочо чуделла арз бахьана долуш полицино талламаш болийна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дуьххьара дийнахь-буса а 25 эзар стагаца ун къаьстина Оьрсийчохь

Тахана Лахьан-беттан 23-чохь Iораяьккхинчу статистикаца, (аннекси йина ГIирма а лерина) Оьрсийчохь коронавирусан инфекци къаьстина 25 173 стагаца. Пандеми яьржичхьана керла уггар а лакхара терахь ду иза. Кхул а хьалха кхаа дийнахь динчу зерашца, 24 эзарал а лакхара хуьлура цомгашчийн терахь. Вирусца къийсам латточу оперативан штабо хаамбарца, къаьсттина дукха бу керла цомгашхилларш Москвахь – 6 866 стаг ву 24 сахьтехь. Санкт-Петербургехь кхо эзар гергга вахархочуьнца къаьстина коронавирус, Подмосковьехь эзар гергга ву. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

21 стаг кхелхина коронавирусах дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 21 дархо. Керла вирус къаьстина кхин а 1 052 стагаца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, COVID-19 уьнах Краснодаран кIоштахь велла ворхI пациент, Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, Нохчийчохь шиъ, ГIалгIайчохь цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина коронавирусах 3 496 стаг. Къаьсттина дукха буу н даьлла нах Ставрополан кIоштахь ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанехь полицин хьаькам лаьцна цхьа могIа зуламашна бехкевина

Дагестанерчу Кизляран кIоштан полицин декъан куьйгалхо лаьцна, терроризм бакъярна а, стаг вен кхайкхорна а. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьосташна тIетевжина. "Оьрсийчоьнан Коьртачу талламан комитетан урхалло лаьцна ву иза. Цхьа могIа зуламаш лелорна жоьпе озийна иза, иштта, терроризмна а, стаг вер вовшахтохарна бехкевеш", - аьлла агенталлан хьостано. Цкъачунна официалан гIирсаша цунах лаьцна дуьйцуш дац. Шайгарчу бакъонел а тIехбуьйлуш, хьарамлонаш лелийна аьлла... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *