21 стаг кхелхина коронавирусах дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь
Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, COVID-19 уьнах Краснодаран кIоштахь велла ворхI пациент, Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, Нохчийчохь шиъ, ГIалгIайчохь цхьаъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина коронавирусах 3 496 стаг.
Къаьсттина дукха буу н даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 224 стаг:
Ставрополан кIоштахь + 224 (26 131 ву эпидемии яьржичхьана) Краснодарана махкахь + 173 (20 899)
Дагестанехь + 99 (18 234)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 99 (12 077)
Кхарачой-Чергазийчохь + 87 (11 608)
Адыгейхь + 82 (7 452)
ГIалгIайчохь + 74 (8 922)
Къилбаседа ХIирийчохь + 74 (8 826)
ГIалмакхойчохь + 69 (11 042)
Нохчийчохь + 80 (3 677)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 128 868 стаг ву COVID-19 ун токхуш. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь ву тахана, Лахьан-беттан 23-чохь 2 114 502 стаг.