Капитолин цIенна хьалха гулбелла Трампан агIончаш шайн митинг йирзинчул тIаьхьа
Гулбеллачарна хьалха къамел дина Трамп Дональда. "Вай цкъа а юхадевр дац", - дIахьедина цо. Шен къамелехь президента юха а пресса бехкейина харжамийн компани йоьдуш шех лаьцна доцург дийцарна. Цо бахарехь, Штаташкахь харжамаш "кхоалгIа дуьне" шайх олучу паргIато йоцчу пачхьалкхашкахьчул а ирча дIабаьхьина. "Вай могуьйтур дац вешан кхаьжнаш лечкъо", - аьлла Трампа.
Хьалха гуламехь къамел дира президентан кIанта Трамп Эрика. Харжамашкахь харцонаш лелийна, гулбеллачех стагга а ца теша Байден Джон толамах, бохура цо.
Митинг йирзича гуламан декъашхой бахара Американ Штатийн Конгрессан цIа лаьттачу Капитолин барзе.
Трампан цхьаболчу агIончийн аьтто балла цIенна чукхача.
Fox News телеканало гойтуш ю гуламхой полицица къийсалуш яьхна видеоматериалаш.
Дечкен-беттан 6-чохь, кхаарин дийнахь, президентан харжамашна сертификат яла езаш ю Конгресс. Иштта хуьлуш процедура ю иза президентанна тажтиллале.
Векалийн Палатерчу бIе сов республиканхочо а, иттех сенатора а дIахьедина, шаьш цхьаццайолчу, Байден тоьлла лоручу, амма шеконехь йолчу штаташкахь (Аризона, Джорджия, Мичиган, Невада, Пенсильвани и Висконсин) харжамкъасторхоша бина сацам кхеле бала дохку, аьлла. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Американ Аз" радионо.