Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2021
3
17
24

Новости за 06.01.2021

Radiomarsho.com 

Капитолин цIенна хьалха гулбелла Трампан агIончаш шайн митинг йирзинчул тIаьхьа

Вашингтонна юккъехь, КIайн ЦIенна хьалха, митинге хIиттира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан агIончийн тахана. Масийтта эзар стаг вара цигахь дакъалоцуш. Гуламхошна хетарехь, юхалиста беза дIадахана шо доьрзуш хиллачу президентан харджамийн жамIаш. Ткъа харжамхойн коллегино билгалдина демократ Байден Джо тоьлла хилар. Гулбеллачарна хьалха къамел дина Трамп Дональда. "Вай цкъа а юхадевр дац", - дIахьедина цо. Шен къамелехь президента юха а пресса бехкейина харжамийн компани йоьдуш шех лаьцна доцург дийцарна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

UFC-н латархо Чимаев Нохчийчу вахар, Bellingcat-н талламаш, Соьлжа-ГIалара зуламаш

UFC-н латархо Чимаев нохчо Соьлжа-ГIала вахарна реза бац цхьаболу нах; Куашев, Исаев, Кара-Мурза дIовш делла велла хила тарлуш йолу верси толлуш ю; ницкъхойн операци йоьдуш лаьцна кхо стаг вийна карийна Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

КадыровгIеран цIераша яьккхина Нохчийчоь

Ерриг а аьлча санна Нохчийчуьрчу ярташкахь хилла Ленинан урамийн цIераш хийцина Кадыровн Рамзана, шен ден цIе а туьллуш. И процесс шорлуш дIайоьдуш ю. Герга ду Нохчийчуьра бахархой цхьана дийнахь самабовла мегаш хилар "Ахмат-Кала" коьрта гIала йолчу "Ахматия" республикехь.

Radiomarsho.com 

UFC латархо, нохчо Чимаев Соьлжа-ГIала вахарна реза бац цхьаболу нах

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллина UFC-н Швецерчу латархочунна, нохчочунна Чимаев Хьамзатна, иза Соьлжа-ГIала вахарна а, цигахь иза маска йоцуш леларна а, яздо латархойн VMMA юкъарлонан сайто. Цо бахарехь, Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь маска йоцуш хилла Чимаев, уьнах лар ца луш мараветтавелла шена дуьхьалбаьхкинчу наханна. Коронавирус бахьанехь тIаьххьарчу масех кIиранах юкъахйийлина Чимаевс дакъалаца деза ши турнир, дагадоуьйту Mmamania сайто. Хьалхо Bloody... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Куашев, Исаев, Кара-Мурза дIовш делла велла хила тарлуш йолу верси толлуш ю Bellingcat

Журналиста Горзев Христос "Дождь" телеканалан эфирехь хаийтина Bellingcat-о карарчу хенахь д1ахьош болчу талламех лаьцна - Оьрсийчоьнна вевзаш хилла масех стаг муьлхачу бахьаница, хьенан карах велла зуьйш ю журналистийн-талламчийн тоба. Навальныйна д1овш луш хьийзина нах т1аьххьарчу заманахь лелла меттигаш билгалъевлича х1оьттина и хаттар, боху Грозевс. Шайггара талламаш бина социалан машанех пайдаоьцучара а: хааделла, журналисташа-талламчаша Навальныйна зен дина ФСБ-н белхахой хила мега аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ФСБ-но машенашна шарахь доьхкина 1 миллирд сом сов ахча

Оьрсийчоьнан кхерамзаллин урхалло 2020-чу шарахь машенаш эцна 1 миллиард 101 миллион соьманна, хаам бина "МБХ медиа" агенталло пачхьалкхан цIарх йохк-эцарш ечу порталан терахьашна тIе а тевжаш. Оцу ахчанах ФСБ-н бахаман-техникан декъо эцна 868 машен. Оцо гойту цхьана машенах делла ахча юккъерчу барамехь I миллион 268 эзар сом нислуш хилар. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, 55 аукцион дIаяьхьина къевлинчу кепехь, цундела хаа таро яц муьлхачу марканех ю эцна техника. Хууш ду эцархой машенех бала кийча хиллийла уггаре бораха мах 630 эзар сом... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ницкъхойн операци йоьдуш лаьцна кхо стаг вийна карийна Соьлжа-ГIалахь

Соьлжа-ГIалахь дайначу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь лерина операци йоьдуш лецначу нехан декъеш лаьтте дерзо дIаделла гергарчаьрга. Байъинарш бу Исаханов Ислам, цуьнан зуда Замидова Биназир, хьалхарчун ваша ИбрахIим а, яздо "Керлачу газето" ("Новая газета"). Официалан версица уьш белла Теркан дукъца хиллачу некъан хьовзамехь, Серноводсканий, ГIалгIайчуьрчу Соьлжанний юккъехь. Ткъа Нохчийчуьрчу ФСБ-н урхаллин хаамца, тIе герз диттина карийна машен. Амма некъан хьовзам хьахийна бац Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашкахь... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *