Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Куашев, Исаев, Кара-Мурза дIовш делла велла хила тарлуш йолу верси толлуш ю Bellingcat

Журналиста Горзев Христос "Дождь" телеканалан эфирехь хаийтина Bellingcat-о карарчу хенахь д1ахьош болчу талламех лаьцна - Оьрсийчоьнна вевзаш хилла масех стаг муьлхачу бахьаница, хьенан карах велла зуьйш ю журналистийн-талламчийн тоба.


Навальныйна д1овш луш хьийзина нах т1аьххьарчу заманахь лелла меттигаш билгалъевлича х1оьттина и хаттар, боху Грозевс.


Шайггара талламаш бина социалан машанех пайдаоьцучара а: хааделла, журналисташа-талламчаша Навальныйна зен дина ФСБ-н белхахой хила мега аьлла ц1ерш яьхна нах хиллийла Кавказехь журналист Куашев Тимур а, юкъараллин жигархо Магомедрагимов Руслан а веллачу деношкахь, уьш баьхначу меттигашкахь.


Грозевс дийцарехь, алссам ду Оьрсийчохь бевза нах беллачу деношкахь, уьш баьхначу меттигашкахь буьйцу ФСБ-хой лелла хилар гойту документаш. Масал далош, Bellingcat-хочо боху, 2014-чу шарахь Нальчикехь журналист Куашев Тимур веллачу дийнахь оцу г1ала кхаьчна лелла д1овшдалархой, "иштта хьийзина уьш, гарехь,  Къилбаседа Кавказехь кхиболу журналисташ а, бакъоларъярхой а бойъуш".


"Суна цкъачунна ца лаьад1аьвшах  белларш хьехо. 100% бакъдолу тоьшаллаш хиллалц со кийча вац ма-дарра дийца", – аьлла Грозевс.


Ша а, шен накъостий а шайн талламашкахь хьенан кхалхар зуьйш ду а хаийтина цхьана декъанна Грозевс. 2017-чу шарахь Кара-Мурза Владимир дарбан х1усаме кхачар а, 2019-чу шарахь Тамбов-Москва ц1ерапошта чохь политик Исаев Никита валар а толлуш ю Bellingcat тоба. "Оцу бохамийн юкъара х1уманаш хаало, талла дезаш ду дерриг а", – хаийтина Грозевс.



Яблоко партин жигархо, журналист Куашев Тимур веллачу хенахь нисвелла цхьа "дIовшдалархо" Нальчикехь, чIагIдо журналисташа-талламчаша. 29 шо долу Куашев вийна карийра аьрру бIаьрга кIел томагIа а долуш, ткъа дегIан аьрру агIор яра маха тоьхна лар – оцо шекбехира нах иза шен Iожаллица велла бохучух. Хаалуш кхин дерташ дацара, эксперташна хетарехь, девзаш доцчу дIаьвше вийнера иза. Лоьраша деган лазарх велла бохура журналист, амма гергарчара 2018-чу шарахь арз хьажийна Европан кхеле.
2015-чу шеран Зазадоккху-баттахь кхин цхьа "дIовшдалархо" вахана кеманца Дагестане. Оццу деношкахь цигахь вийна карийна "Цхьаалла" ("Единство") боламан жигархо Магомедрагимов Руслан. Цуьнан дегIа тIехь а карийра маха тоьхна лар – садукъделла велла иза бохура лоьраша.
2013-чу шарахь Грозев Христон талламехь хьехош болу ФСБ-н белхахой хилла Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчохь йихкина йолчу "Кавказ Имаратан" лидер хууш доцчу бахьаница веллачу деношкахь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *