Iумрат дан луучара коронавирусах мехий деттийта дезар ду
"Sehhaty" апликацехула коронавирусах вакцина эца хьийзачу, Iумрат дан ваха луучу муьлххачо а маха тохийта беза уьнна дуьхьал", - аьлла, дIахьедина Бентена. Цо бахарехь, 18 шарера 50 шаре бевллачу зияртхоша иштта ларъян еза социалан дистанци, пайдаэца беза дезинфекци ечу гIирсех, лелон еза масканаш а.
Стохка Товбеца-баттахь СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхоша дIахьедира, коронавирусан ун ца даржийтархьама хьаж дан луучарна аьлла, лерина низамаш ду шаьш кхайкхийна аьлла. Лазаршна профилактика а еш, царна тIехь Iуналла латточу Центран информацица, зияртхошна дихкина Каабех куьг Iотта. Цхьа метар ах метар вовшашна юкъахь меттиг бита а беза цара цхьацца ламасташ кхочушдечу заманчохь.
Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) къобалбина паччахьалло дозанаш тухуш тIеэцна сацамаш.
Цхьана шарахь а, эха шарахь дихкина латтийна Мекке зиярат дар карладаьккхира дахначу шеран ГIадужу-баттахь. Лурчаха хьажцIахь хилира ши миллин 500 эзар стаг.