ХьаьжцIа ваха лаахь - маха тохийта
![ХьаьжцIа ваха лаахь - маха тохийта](https://gdb.rferl.org/a0e4af4b-a3fd-4e2c-843d-bc53d6856fce_tv_w800_h450.jpg)
ХьаьжцIа Iумрат дан баха луучу наха коронавирусах привикаш яйта еза. Al-Arabiya каналца хиллачу къамелехь дина иштта дIахьедар СаIуда Iаьрбийчохь хьаждаран а, Iумратан а хеттарш луьстучу министро Бентен Мухьаммад Салехьа. Карарчу хенахь зиярате эхар "кхераме дац" аьлла, тIетоьхна цо.