Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тIелатар динчун дов хоттур ду кхелехь
Талламчийн версица, тIеман баьччийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цо. Хьежа а деш, нийса герз детташ хилла цо десантхошна тIе. Официалан зерашца, хIетахь вийра 84 эскархо, веанна чевнаш йира.
Ганиев Рустам бехкево: зуламан тобанехь дакъалацарна а, герзашца тIелетарш дарна а, эскархой байъа Iалашонца, кIелонаш ярна а.
Хьалхо кхин а 14 стагна таIзар дира, яккхий хенаш а етташ, вара царлахь Украинера Малофеев Александр а.
Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, т1ехь Iазапаш а латтош, бехкаш тIеоьцуьйту оцу нахе аьлла.
Нохчийчохь 2000-чу шарахь тIамехь беллачу Псковерчу десантхошна ЖIар хIоттийра Нохчийчоьнан Iедалхоша дахначу шарахь.