Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2021
3
17
24

Новости за 26.01.2021

Radiomarsho.com 

ТIаьххьара тIемалой бара?

Нохчийчохь тIемалойн тIаьххьара бисна бен бохийна ша аьлла, кху деношкахь дIахьедира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, тIаьххьарчу леринчу операцехь ницкъахоша вийна тIаьххьара бухависна хилла ялх тIемало, шайлахь эмир Бютукаев Аслан а волуш. Эксперташа-бакъоларъярхоша а, Кавказерчу хьолана тIехь терго латточу талламчаша а, Кадыровс санна, цхьана маьIнехь ца хадабо регионерчухьлан мах.

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан омбудсмено дехар дина ООН-е Закаев Ахьмад схьавоьхуш

Нохчийчоьнан омбудсмено, Къилбаседа Кавказан федералан гонийн бакъоларъярхойн Координацин кхеташонан куьйгалхочо Нухажиев Нурдис кехат дахьийтина адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н лакхарчу комиссаре Бачелет Мишеле Закаев Ахьмадан хьокъехь. "ХIара дуьххьара дац, Закаевс терроризм къобалъеш.  Нохчийчуьра схьабевлла, Европехь бехачу иттаннашкахь болчу оцу нахе дукха хан ю оха кхайкхамаш бен, шайн питанаш дита, нохчийн къам бердах кхоса ма гIерта, барт ма эгIабе, кегийрхой ир-кара ма хIиттабе бохуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Навальныйс Iораяьккхина шахьар хьенан ю дийца реза ца хилла Кремль

Коррупцица къийсам латточу Фондо Путин Владимиран ю боху Геленджикера хIусамаш цхьана совдегарийн долахь ю, церан цIераш йохур яц Кремло аьлла, дIахьедина президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Объектана хадарх лаьцна хеттарш къайлахчу сервисашка а (ФСБ), Федералан хадархойн урхалле а (ФСО) де аьлла Песковс. Карладоккху, оршотан дийнахь Путина дIахьедира: "Сан долахь ю аьлла, билгаляьккхина цхьа а гIишло, йа сан а яц, йа сан гергарчийн а яц, йа цкъа а хилла а яц" аьлла. Аргумент ялош элира цо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Байден: Оьрсийчоьнан леларна а, Навальныйца хIоьттинчу хьолана а сагатдо Американо

Американ Цхьанатоьхна Штаташ кийча ю, шина а агIонна пайден хир долу юкъарлонаш Оьрсийчоьнца лело, иштта дIахьедо, Вашингтон сингаттамехь хиларх оппозиционерна Навальный Алексейна гонах лаьттачу хьолана а, Американ организацешна дуьхьал дохучу хакерийн тIелатаршна а. Оцу кепехь дIахьедар дина Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Байден Джос Президентан дарже ша хIоьттичхьана дуьххьара вистхилла Байден Американ а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигах. Хьалхо зорбанашкахь яздора, цуьнан гона тIетовжий... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хьал: 38 дархо веллла, 982 стагана ун даьлла

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан инфекцех кхелхина 38 дархо, ун даьлла кхин а 982 стагана. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран махкахь велла COVID-19 вирусах 20 стаг, Ставрополан кIоштахь – ялх, ГIалмакхойчохь – кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а шишша велла, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а цхьацца велла. Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавкахехь уьнах хьалха ца ваьлла 6 747 коронавирус кхетта стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тIелатар динчун дов хоттур ду кхелехь

2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чу дийнахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна тIелатар дарна бехке вечу Ганиев Рустаман гIуллакх кхеле дIахьажийна аьлла хаамбо Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Талламчийн версица, тIеман баьччийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цо. Хьежа а деш, нийса герз детташ хилла цо десантхошна тIе. Официалан зерашца, хIетахь вийра 84 эскархо, веанна чевнаш йира. Ганиев Рустам бехкево: зуламан тобанехь дакъалацарна а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ОМОН-ан эскархойх летта нохчо ларамза нисвелла хилла Москварчу акцехь

Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман гIоьнчас Лазина Татьянас дийцина, оппозицин политикехьа Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхошца летта хилла нохчо шегара даьллачунна дохковаьлла хиларх. "Подъем" ресурсо бина цунах лаьцна хаам. Де хьалха Делимханов цхьанакхетта хилла Джумаев Сайд-Мухьаммадан деца-ненаца. Цара чIагIдарца, Навальныйна тIаьхьахIоьттина вац шайн воI, цигарчу акцехь а ларамза нисвелла ву иза аьлла. "Джумаевн деца-ненаца къамел дина Делимханов Адама. Цара ма-дарра дийцина хиллачух... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *