Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ОМОН-ан эскархойх летта нохчо ларамза нисвелла хилла Москварчу акцехь

Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман гIоьнчас Лазина Татьянас дийцина, оппозицин политикехьа Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхошца летта хилла нохчо шегара даьллачунна дохковаьлла хиларх. "Подъем" ресурсо бина цунах лаьцна хаам.


Де хьалха Делимханов цхьанакхетта хилла Джумаев Сайд-Мухьаммадан деца-ненаца. Цара чIагIдарца, Навальныйна тIаьхьахIоьттина вац шайн воI, цигарчу акцехь а ларамза нисвелла ву иза аьлла.


"Джумаевн деца-ненаца къамел дина Делимханов Адама. Цара ма-дарра дийцина хиллачух, и кIант цигахь ларамза хиларх а. Оппозицин политик, йа цуьнан хьежамаш къобалбеш хиларца доьзна дац и. Шегара даьллачунна дохковаьлла иза", -аьлла Лазинас.


Цул совнах, депутатан гIоьнчас кхетийна, шен кхайкхамехь Делимхановс аьллачух а.


"Жимчу стага низам дохийна хиларе терра, кхузахь Делимхановс хьахийнарг юридикан гIоьналла ду, масала, цаторийла хилахь, адвокат лацар", - кхетийна Лазинас.


Карарчу заманчохь Джумаев нохчийн Iедалхошца зIене ваьлла вац, полицино лоьхуш ву иза.


Оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа дахначу шоьтан дийнахь хиллачу акцехь дакъалаьцначу нохчийн кIантана гIо дийр ду ша аьлла Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думан депутат волчу Делимханов Адама, нагахь санна, шен политикан позицина иза юкъарвалахь.


"Нагахь санна, ахь церан позици тIеэцахь, цхьаннах а ида а ца уьдуш, царна тIаьхьа дIаваха веза хьо. Тхуна хаьа хьуна а, хьоьца болчарна а хIун дан деза. Нагахь санна, хьо церан хьежамашца вацахь, Рамзан-Хьаьжас, вайн паччахьо аьлла, низамех хьакхалучу агIор шаьш хьуна гIо дийр ду, хьо гучувалахь", - аьлла Делимхановс инстаграмехь бинчу видеокхайкхамехь, яздо "Медиазонас".


"Матросская тишина" олучу Москварчу талламан изоляторехь латтош ву Навальный Алексей, Чиллан-беттан 2-чохь хинйолчу кхеле хьоьжуш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *