КадыровгIарех ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин тобанехула Пачхьалкхан Думе вахийта кечвийриг
Хас-Мохьмадан 30 шо ду. Чиллан-баттахь ханна Соьлжа-ГIалин мэран дарже хIоттийна иза.
Кадыров Рамзанан рогIера цIийнан стаг даржашкахь кхиа волавелира шен 27 шо долуш, 2017-чу шарахь мехкан коьрта шахьарахь полицин куьйгалле хIоттарца. Цул тIаьхьа цунах вира Устрада-ГIалин мэр, хилира иза мехкан Кхерамзаллин кхеташонан куьйгаллехь а, Кадыров Рамзанан администрацин коьртехь а.
"Цхьаалин Оьрсийчоь" партин праймеризехь ву иштта тахана а Думехь депутат волу Делимханов Адам а. Иза Думе доьазлагIа гIур ву.
Кавказ.Реалиин хаамца, Кадыровн гергарчу нахах цхьацца хенашкахь пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь хилла 100 гергга стаг. Шега оцу хьокъехь бехкбаьккхича, Кадыровс элира: "Суна эхь ца хета. Ас сайн халкъах, республиках жоп луш делахь, со ларавеш велахь, царна хIун бен ду, мила хир ву министр, кIоштан куьйгалхо, администрацина коьртераниг я Iедалан куьйгалхо? Сан кIезиг бу цуьнца бала".