Путинан харжамийн штабийн коьртехь Iийначо къайлаяьккхина шена хилла 19 миллиард са
Оцу хьостано бахарехь, Литвиненкос къайлаяьхьина лаххара а 2014-чу шарахь шена "Фосагро" холдинган акцех евлла дивидендаш.
Ялх шера чохь Литвиненкон компанера дакъа хьалакхиина 6%, кхаьчна 21 проценте. Акцех евлла дивидендаш ю 20 миллиарде ца кхоччуш, амма шен декларацешкахь цо ца гайтина 1,3 миллирд сом бен.
Хьостано билгалдоккху Литвиненко куьйгалхо а волуш, Путин Владимира 1997-чу шарахь диссертаци чекхъяккхина хилар, тема ю "Стратегическое планирование воспроизводства минерально-сырьевой базы региона в условиях формирования рыночных отношений" (Капитализман юкъаметтигаш кхиорехь аьрга сурсаташ дебор Iалашоне дилларх).
ТIаьхьо Литвиненко хилла "Роснефтан" коьрте хIуттунволчу Сечин Игоран а, премьер-министран Зубков Викторан а Iилманан белхийн куьйгалхо. Путин коьртехь Iийначу Петербурган мэрин арахьарчу зIенийн комитетехь болх бина цара.