Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла уьнах 25 стаг. Цомгуш хилла кхин а 276
![Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла уьнах 25 стаг. Цомгуш хилла кхин а 276](https://gdb.rferl.org/0dca08f8-18ca-4385-851c-e2e8897d8e49_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла, официалан терахьашца, кхина 276 вахархо.
Уьнах Краснодар-махкахь 11 велла, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Адыгейхь – шишша, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьацца. Пандемин муьрехь верриг а COVID-19 цамгарх велларг ву Къилбаседа Кавказехь 9 625 вахархо.
Дийнахь-буса уггаре дукха хаабелла ун кхеттарш Краснодар-махкахь, массанхьачул кIезиг бу иштанаш Адыгейхь а, Нохчийчохь а.
Краснодар-мохк +96 (46 834 пандемин ерииг а хенахь )
Ставропол-мохк +54 (53 781)
Дагестан +41 (32 962)
ГIебарта-Балкхаройчоь +19 (24 055)
ГIалмакхойчоь +14 (20 602)
Кхарачой-Чергазийчоь +14 (20 235)
Къилбаседа ХIирийчоь + 10 (16 861)
ГIалгIайчоь +10 (15 587)
Адыгей + 9 (14 539)
Нохчийчоь + 9 (12 131)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хаавелла 257 587 стаг. Оьрсийчохь Стигалкъекъа-беттан 14-чу денна и терахь ду, официалан информацица, 4 922 901.*
*Оьрсийчоьно шен статистиканна юкъаузу аннекси йинчу ГIирмера ун даларх долу терахьаш.