Хасу-Юьртан кIоштахь кIира ду бер лоьху. Стаг верах долу гIуллакх айдина
Лехамийн-орцан "ЛизаАлерт" тобанерчу волонтераша Хасу-Юьртан кIоштарчу Аэродром юьртахь вайна диъ шо долу Забитов Мухьаммад лоьху ду кIира. Иза вайна цIера аравалларх. "Цкъачунна сингаттаме ю информаци: жIаьлина лар карийнера, Ярыксу хин йисте кхаьчча, сацийра цо шен лехам. Иза ду оцу меттехь беран лар йовш ю бохург", – хаам баржийра мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Стигалкъекъа-беттан 9-чохь. Дийнахь а, буса а лоьхуш ву кIант. Талламаш беш, 1,5 эзар километр гIаш некъ бина орцанхоша. Читать дальше...