Терк хе ваьхьна кхиазхо лоьху Нохчийчохь
Нохчийчохь Невран-кIоштахь Терка чу вахна 15 шо долу къиазхо. Цуьнан дакъа карийна дац хIинца а. Мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис талла долийна гIуллакх аьлла, дIахьедина прокуратуран пресс-гIуллакххоша, яздо REGNUM агенталло.
Билгалдаьккхина, лийча магийна йоцучу меттигехь Терка чу ваьлла хилла ши кIант, лийча дагахь.
"Уллохь орцах вала баккхийчех стаг цахиларна цуьнан доттагIчун аьтто ца баьлла кхиазхо кIелхьарваккха", - хаам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитето.
Прокуратуран векалша бахарехь, оцу кепара сингаттамаш Iиттало, дас-нанас кхачам боллуш шен берийн терго еш цахиларна, къаьсттина аьхкенан хенахь.
Карарчу хенахь бакъоларъяран органийн белхахоша а, меттигерчу бахархоша а цхьаьна лоьхуш ву хино такхийна кIант.
Карладоккху, Талламан комитетан лараршца, кху шеран Стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна хIра 5-гIа метттиг бу, луьйчучу заманчохь бер делла.