Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Зуламаш лелорна таIзар динчу Нохчийчуьрчу вахархочо ша Кадыровн гергара ву олуш хилла

Кху деношкахь герзашца лелийначу кофликтна тIехула набахтехь даккха 13 шо хан тоьхначу Нукманов ИбрахIима, ша лелош долу зуламаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIийнах ву а бохуш, деш хилла. "Блокнот Краснодар" ресурсо бина и хаам. Оцу некъашца Краснодарерчу совдегаршкара ахчанаш дохуш хилла цо. Шена схьадала ахча ца хиллачарех лай беш хилла цо - кеп-кепара шен тIедахкарш кхочуш дойтуш


Маршо Радионо яздира кху беттан 20-чохь Ростов гIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело набахтехь яккха тайп-тайпана хенаш кхайкхорах Нохчийчуьрчу веа вахархочунна. Нукманов воцург а, Хамидов Халидна а, Габатаев Юсупна а, Мадаев Шамална а хенаш тоьхна.


Бехктакхаман гIуллакхан материалашкахь билгалдаккхарца, 2014-чу шарахь Шемахь террорхойн тобанехь Iаморашкахь хилла ву Хамидов, ткъа цигара Оьрсийчу юхавеанчул тIаьхьа цо дакъа лаьцна герзашца хиллачу инцидентехь.


Вукху таIзаре хIиттиначаьрца цхьана Хамидов бехке ву герзаш детташ, дов къасточохь хиларна. Оцу зуламехь вийра цхьа стаг, чевнаш йира шинна.


Габатаев Юсупна 17 шо туьйхира шогачу хьолехь йолчу колонехь такха, Нукмановна – 13, Хамидов Халидна -11 шо. 3,5 шой кхайкхийра Мадаев Шамална. Кхелан пресс-гIуллакххоша кхеторехь, шайн бехкаш цхьана декъехь бен тIелаьцна дац цара.


Къилбан гонашкарчу тIеман кхело Товбеца-беттан юьххьехь колонехь даккха 25 шо хан кхайкхийра Нохчийчуьрчу вахархочунна Тосуев Махьарбина, зуламхойн тобанехь Шелковс-кIоштахь ницкъхошна тIелатар дина аьлла. Пхи стаг вийра хIетахь, виъ милцо а цхьаьна.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *