Нохчийн "тутмакхийн элан" гIоьнчаш лецна Екатеринбургехь
Талламан версица а догIуш, кху беттан 11-чу дийнахь Домбаевн тобанера 12 стаг Екатеринбургерчу EatMeet цIе йолчу ресторане баьхкинера криминалан цхьанакхетаре.
Лоьцучу заманчохь цаьргара дIаяьхна тапчанаш, наркотикех тера гIирс а, хаамбо талламчаша.
11 шо тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу "криминалан къуйна" Бекаев Iумарна аьлла, яздира хьалхо. Криминалан гонашкахь дика вевза иза Уфимский Омар цIарца.
Дош дашера даьлла, леттера Санкт-Петербургерчу отелехь дIатарбелла клиенташ. Нохчийчуьра ши вахархо дарбан цIийне а кхачош, йирзира и конфликт.