Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2021

Новости за 13.08.2021

Radiomarsho.com 

Тотица яьккхинчу видеох совгIат кхаьчна Кадыровна

Пачхьалкхан "Грозный" телеканалера 45 эзар сом преми кхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна. Эксклюзиве видео яккхарна баркалла аьлла Кадыровна, къаьсттина билгалдаьккхина, шайн агIоне язбеллачарна мехкан урхалхочо "шен долара тоти йовзийтар".

Radiomarsho.com 

"СовгIат ца догIу, йогIу трибунал". Кадыров-воккхахниг вазварх лаьцна

Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхочун дена Кадыров Ахьмадна Нобелан преми йогIу иза ша дийна волуш экстремизманна дуьхьал латтарна, дIахьедина Мисарарчу Iилманчас-Iеламчас Iабдуррахьим Iусмана. Кадыровн некъах лаьцна ша язйина книга йовзуьйтучу Эмираташкарчу барамехь Марсхьокху-беттан 5-чохь аьлла цо иза. Ца догIу вуьйцучунна цхьа а совгIат, тамаше хир дара иштаниг нисделча, тешна бу эксперташ. Дубайхь цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг яра Дуьненаюкъара бусалба умматан кхеташо. Цуьнан официалерчу сайто бахарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Воронежехь автобус иккхина

Ши зуда елла, берхIийтта пассажирна чевнаш йина Воронеж гIалахь еарин сарахь автобус чохь хиллачу эккхийтарехь. Воронежан кIоштан Iедалхоша хаам барехь, ши зуда елла, цхьанна ший а ког дIабаьккхинера аьлла.

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь 75 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 1 391– цомгуш хилла

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 75 пациент, цомгуш хилла кхин 1 391. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 33 вахархо, Ставропол-махкахь – 12, Дагестанехь - 11, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а - виъ-виъ, Кхарачой-Чергазийчохь - 3, ГIебарта-Балкхаройчохь  а, ГIалмакхойчохь а - шишша велла. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 14 126 стаг, боху официало. Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставрополь-махкахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн "тутмакхийн элан" гIоьнчаш лецна Екатеринбургехь

Екатеринбургерчу Верх-Исетскан кIоштан кхело ладам боцчу ханна лецна "тутмакхийн эла" волчу Домбаев Ахьмадан (Ахмед Шалинский) гIоьнчаш. Уьш берриш а бехке бина харцахьара леларна, яздо URA.RU хьостано, Свердловскерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-атташена Горелых Валерийна тIетевжаш. Талламан версица а догIуш, кху беттан 11-чу дийнахь Домбаевн тобанера 12 стаг Екатеринбургерчу EatMeet цIе йолчу ресторане баьхкинера криминалан цхьанакхетаре. Лоьцучу заманчохь цаьргара дIаяьхна тапчанаш, наркотикех тера гIирс а, хаамбо талламчаша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Набахтехь даккха 11 шо тоьхна Нохчийчуьрчу "криминалан къуьнна"

Нохчийчуьра схьаваьллачу 64 шо долчу Бекаев Iумарна набахтехь таккха 11 шо хан кхайкхийна Удмуртехь. Криминалан гонашкахь иза дика вевзаш ву Уфимский Омар аьлча. Кхело сацам бовзуьйтучу хенахь, бехк малбен хьелаш билгалдаьхна, Нохчийчохь закъалтхой кIелхьарбохуш контртерроран барамаш дIахьочу заманчохь Бекаевс гIо дар а, цунна чевнаш яр а, яздо "Коммерсанто". Талламан зерашца, 1999-чу шарера схьа дуьйна зуламхойн иерархехь лаккхара дарж дIалаьцна хилла цо, ткъа иза 2019-чу шарера схьа Оьрсийчохь низамашца магош дац. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

50 шарахь Оьрсийчу вуьтур вац оьрсий сийсазбина Азербайджанан хилла векал

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 50 шарна пачхьалкхе ван дихкина Азербайджанан цIарах Беларусехь векал лаьттинчу Вагабзаде Исфандиярна а, Казахстанан вахархочунна Ахметов Куатна а, "къаьмнашна юкъахь гамо тосуш", интернетехь дIахьедарш дарна. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Урхалло яздарца, кхин дIа а арахьарчу пачхьалкхийн бахархошна дуьхьал барамаш бохуш бу цара, "оьрсийн матте а, Оьрсийчоьнан бахархошка а, дозанал арахьа бехачу шайн махкахошка а цаларарца хьежарна а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Воронежехь автобус иккхина: лазийна 18 стаг, ши зуда елла

Ши зуда елла, берхIийтта пассажирна чевнаш йина Воронеж гIалахь еарин сарахь автобус чохь хиллачу эккхийтарехь. Воронежан кIоштан Iедалхоша хаам барехь, ши зуда елла, цхьанна ший а ког дIабаьккхинера аьлла.  "Новости" агенталло яздина, эккхийтар хуьлучу заманчохь машен чохь 30 стаг вара аьлла. Инцидент хиллачу меттиге кхаьчна Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахой. ТАСС агенталло хаам барца, чевнаш йинарг 16 пассажир ву, царех ах бохург санна чолхечу хьелашкахь бу. Юьхьанца зорбанашкахь яздора, автобус... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Декхархошкара дозанал араволу паспорташ дIадохуш низаман проект кховдийна Думе

Пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна, дозанал арабовла дихкинчу Оьрсийчоьнан бахархошкара кхечу махка боьлху паспорташ схьадохуш. Документ кечдина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, яздо Свобода Радионо. Кхело декхархой бу аьлла, сацам бинчу нахера паспорташ схьадаха бакъо хуьлуьйтур ю низаман проекто. Кехаташ дIадохур ду кхелан пурстоьпаша, декхар боллучу барамехь дIатекхначул тIаьхьа шен паспорт юхаэца йиш хир ю цуьнан миграцин хьукматехь. Цул совнах, дозанаш хьакхалур ду, нагахь санна, вахархо цхьана хIуманна шеконашка эцна велахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Apple сервисо Нохчийчоьнан цIе дIанисйина шен картанаш тIехь

Украинхойн маттахь лелочу Apple Maps картанаш тIера "Нохчийчоьнан Республика Ичкери" нисдина "Нохчийн Республика" аьлла, хаам бина Apple компанино. Маршо Радионо яздира шен агIонехь, ТАСС агенталлан хаамна тIетевжина, Американ Apple компанино украинхойн маттахь долчу картанаш тIехь Нохчийчоьнан Республика "Нохчийн Республика Ичкерия" аьлла, къастийна хиларх. Оцу юкъанна, Пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила кхайкхам бира Apple компанин векалшка, гIалат дIанисде, "украинхой а, юкъаралла а тила а ца еш" аьлла. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *