Декхархошкара дозанал араволу паспорташ дIадохуш низаман проект кховдийна Думе
Цул совнах, дозанаш хьакхалур ду, нагахь санна, вахархо цхьана хIуманна шеконашка эцна велахь, я бехкзуламан гIуллакхца тIеозийна велахь, кхело йист яккхалц.
Низаман проектаца а догIуш, вахархочунна пачхьалкхера аравала дихкинчу органаша хаам бийр бу цуьнга электронан кепехь, я шегга куьйг а яздойтуш, документ каралур ду.
2005-чу шарахь дозанаш детта долийра декхархошна махкал арабовла. Карарчу хенахь кхелан пурстоьпийн бакъо хир ю цхьана ханна бахархошна Оьрсийчуьра арабовлар дехка, нагахь санна тIаьххьарчу 90 дийнахь церан декхар 30 эзар соьмал сов делахь, ткъа алиментийн декхар 10 эзарна тIера делахь.
2021-чу шеран Стигалкъекъа-беттан юьххьехь динчу зерашца, пачхьалкхера арабовла дихкинчу декхархойн тептарехь ву пхи миллион сов стаг, хаамбина кхелан пурстоьпийн Федералан урхалло.
Профессионалан коллекторийн агенталлийн Къоман ассоциацин информацица, декхар бахьана долуш чуьра арабовла йиш йоцчу нехан терахь ворхI миллионал а сов ду.
Дукха хьолахь, арабовлар дихкинчарна юкъахь бу алименташ а, кредиташ шен хеннахь дIа ца делла а, ял яланза а, коммуналан декхарш тIехь долу а бахархой.