ГIаттамхошна гIо дина ву аьлла бехкевинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна 15 шо хан тоха кхерам бу
Оьрсийчоьнан Зуламан кодексца а догIуш, дохку бехкаш бахьана долуш цунна кхочу набахтехь яккха пхийтта шо гергга хан.
Карарчу шеран Стигалкъекъа-баттахь ГIалгIайчуьрчу ницкъхоша хааме даьккхира, Магасера цхьаъ а, Малгобекан кIоштарчу Юкъерчу Ачалкхера шиъ а вахархо шаьш лацарх. ДIахьедора, цхьацца деношкахь церан цIийнах кеп-кепара герз даьккхира шаьш, ишта, куьйга кхусучу гранатийн пистонаш а, гериган тIеман гранаташ а, травматикан тапча а, патармаш а, кхинболу тIеман гIирс а бохуш.
Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, кхеле кхаьчча, наха шаьш талламхошна дина дареш шайгара етташ даьхна, олий, дIахьедеш хилар.