Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2021

Новости за 23.08.2021

Radiomarsho.com 

"Северный" яц, Кадыровн цIарах ю

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана Кадыров Ахьмадан цIе тиллина. Кадыров Ахьмадан 70 шо кхаьчначу дийнахь куьйгъяздина цу хьокъехь арахецначу омрана

Radiomarsho.com 

Терроризмна бехкебечийн гергарнаш пикете бевлла ХIинжа-ГIалахь

Терроризмна бехкевечу Дербентерчу кхаа вахархочун гергарнаш пикете бевллера ХIинжа-ГIалин юккъехь. Цара протест кхайкхийна Дербентерчу талламан изоляторехь лелийначу Iазапна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх гIатто талламчаш дукхазза реза ца хиларна. Бехкебечу Барзукаев Исламан а, Мирзалиев Мирзалин а, Курбанов Гасанан а гергарчара царна тIехь ницкъбарх тоьшаллаш тIечIагIдина лору, ткъа и гIуллакх листа Талламан комитето дуьхьало яр низамехь доцург хета. Кавказ.Реалиин корреспонденте нанас Барзукаева Еленас дийцарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIаттамхошна гIо дина ву аьлла бехкевинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна 15 шо хан тоха кхерам бу

ГIалгIайчуьрчу талламан органаша бехк кховдийна меттигерчу 27 шо долчу вахархочуьнга, гIаттамхошна сурсаташца а, шен машенахь уьш дIасалелош а гIо латтийна аьлла. "Интерфакс" агенталло бина цунах хаам. Бехке хIоттийначун хIусамах хьовсучу хенахь карийна куьйгайина оьккхуьйтург а, гериган граната а. Оьрсийчоьнан Зуламан кодексца а догIуш, дохку бехкаш бахьана долуш цунна кхочу набахтехь яккха пхийтта шо гергга хан. Карарчу шеран Стигалкъекъа-баттахь ГIалгIайчуьрчу ницкъхоша хааме даьккхира, Магасера цхьаъ а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмадан цIе тиллина Путина Соьлжа-ГIаларчу аэропортана

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана Кадыров Ахьмадан цIе тиллина – Нохчийчохь президент лаьттинчу, тахана мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан ден. Бакъонан информацин порталан официалан сайтехь зорбане даьккхина цунах лаьцна омра, хаамбо оьрсийн Свобода Радионо. Кадыров Ахьмадан 70 шо кхаьчначу дийнахь куьйгъяздина арахецначу омрана. Юкъараллин палатин инициативаца кхаьжнаш тесначул тIаьхьа Стигалкъекъа-баттахь къаьстира, Соьлжа-ГIаларчу "Северный"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Краснодарехь велла карийна "криминалан авторитет" Бойцов Отари

Краснодарехь велла карийна "криминалан къу" лоруш хилла Бойцов Отари(Кублашвили). Криминалан авторитетан дакъа хааделла еххачу хеначохь полисхойх хьулвелла иза ваьхначу петарахь. 2018-чу шарахь Бойцов-Кублашвили хенал а хьалха колонера араваьккхира, букъан тIум талхарца доьзна. Оццу шарахь лехамашка велира иза административан тIехьажарх кIелхьарваларна а, криминалан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна а, яздира Lenta.ru гIирсо. "Прайм Крайм" сайтан информацица, Отари – Краснодарера схьаваьлла ву... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Холмачалла лелорна юьхь яьхна нохчийн телехьожийлехь меттигерчу бахархошкара

Махкахь лаьцначу шина "дарбахочух" Алиев Ахьъядах а, Дадаева Светланех а лаьцна сюжет зорбане яьккхина "Грозный" нохчийн пачхьалкхан телеканало. Холмачалла лелорна бекединчу цушингара бехкаш даьхна нахана хьалхха. Сюжетехь чIагIдарехь, Алиевс хьоьхуш хилла шена тIеоьхучу нахана, дехкийн а, цицгийн а лергех пайдаэцар, шен гамо йолчу нахана бIаьр хилийтархьама. Дадаевас буьйсанна лулахойн керта уллохь туьха дIасалестош хилла. Цаьрца къамел дина Исламан медицинан центрерчу говзанчас Эльжуркаев Адама. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу тӀемагӀуллахкошна пхийтта-пхийтта эзар сом дIало аьлла Путина

Карарчу шеран жамIашца Оьрсийчоьнан тIеман гIуллакхдархошна пхийтта-пхийтта эзар сом дала деза аьлла, хьехна президенто Путин Владимира. ТАСС агенталло ядина цунах лаьцна. "Кху шеран жамIашца нийса хир ду аьлла хета суна ахчанца цкъа долу гIо кхачор юккъерчу барамехь пхийтта-пхийтта эзар сом", - аьлла кIирандийнахь "Единая Россия" партин векалшца хиллачу цхьанакхетарехь пачхьалкхан урхалхочо. Массо а тIемангIуллакхдархошна дIакхачон деза аьлла, тIетоьхна цо. Бахархошна, бизнесна, цхьана ханна балхах бевллачу нахана а гIо латтош... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *