Холмачалла лелорна юьхь яьхна нохчийн телехьожийлехь меттигерчу бахархошкара
Сюжетехь чIагIдарехь, Алиевс хьоьхуш хилла шена тIеоьхучу нахана, дехкийн а, цицгийн а лергех пайдаэцар, шен гамо йолчу нахана бIаьр хилийтархьама. Дадаевас буьйсанна лулахойн керта уллохь туьха дIасалестош хилла. Цаьрца къамел дина Исламан медицинан центрерчу говзанчас Эльжуркаев Адама. Цо юха а дIахьедина, дино дихкина, доккха къалеташ хIума ду оцу наха лелориг, аьлла.
"ХIумахуурш" Iорабахар дуккхаза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьш харцо лелийна бохучунна. "Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.
Оцу юкъанна, билгалдаккха догIу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо латтош йолчу исламан медицинан Центрехь иштта жинаш лоьхкуш, халкъан дарбанаш леладо. Оцу Центран куьйгалхо ву Эльжуркаев Адам.
Кавказ.Реалиица оцу темин хьокъехь къамелаш динчу бакъоларъярхошна гарехь, тоталитаран режиман башхаллех ду "хIумахуурш" Iорабахар.