ТIемалошна гIоьналла латтийначу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна 11 шо кхачийна
Талламан версица, 2019-чу шарахь Чемковс гIо дина хилла Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхочунна оьккхуьйтург а, хӀоъмолханаш а къайладохуш, яздо "Интерфаксо".
Чемков Артур – ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Баксанера схьаваьлла ву. Экстремизмаца, йа терроризмаца боьзначу нахах хаамаш вовшахтоьхначу тептарехь вара иза 2020-чу шеран Товбеца-баттахь дуьйна.
Къилбаседа-Кавказерчу тIеман кхело Дечкен-баттахь доккха гIуда хьарчийра Астраханерчу вахархочунна, Шемахь тIом бечу накъостах лаьцна шайга ца хаийтарна.
Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.