Кремлан куьйгакIел йоцчу медиана а, хьийзочу журналисташна а тIехIуьттуш акци дIаяьхьна пIераскан дийнахь цхьа могIа Оьрсийчоьнан ресурсаша, шайлахь "Новая газета", 7x7, Republic, Wonderzine, Forbes журналан оьрсийн редакци, "Медуза", "Дождь" (тIаьххьара шиъ арахьарчу агентийн реестре язйина) а йолуш.
Цхьатерра кхайкхам бина цара Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, ФСБ-н директоре Бортников Александре, МВД-н урхалхочуьнга Колокольцев Владимире, Пачхьалкхан Думан спикере Володин Вячеславе, иштта кхинболчу лаккхарчу даржхошка а... Читать дальше...