Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Оьрсийчохь а уггар тоьлла хьал ду нахехь Нохчийчохь, боху Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, пачхьалкхера кхийолу регионаш гIертачу дахаран тоьллачу хьелийн тIегIане республика кхаьчна аьлла. Баккъал а йолчу статистикаца бIостане ду цуьнан дешнаш – социалан-экономикан гайтамашца аутсайдершлахь юьсу Нохчийчоь. "Турпалхой" телеграм-канало зорбане яьккхина Кадыровс цунах лаьцна дуьйцуш видео.


"Хьал дика долуш вайниг санна цхьа республика яц Оьрсийчоьнан регионашлахь. Юстийша муьлххачу а регионца, Москвана тIера дIадуьйлалой. Европехь а, Туркойчохь а дика хир ду аьлла, дIавахнарг а шен цIа ван веза. Массо а агIор оьшуш мел долу хьелаш нисдина ду, де дийне кхин тIе а толуш а ду уьш а", -боху видео тIехь Кадыровс.


Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан регионийн рейтингашкахь Нохчийчоь кест-кеста тIаьххьарчу меттигашкахь гойту: бензинан мах лакхара гойтучу рейтингехь 85 позицех 80-гIа дIалаьцна, тоьллачу регионийн рейтингехь 69-гIа меттиг бу, пачхьалкхерчу къечу нехан декъах хIоттийначу статистикехь 72-гIа меттигехь ю Нохчийчоь.


"Со реза вац, цул совнах мехкан республикан Iедалхоша оцу кепара ден дIахьедарш сийсазе лору ас. Регион кхачам болуш ю бохучу заманчохь, адамех кхаьрдаш санна хета уьш. Массо а экономикан а, социалан а Iалашонаш кхочушйина ю Нохчийчохь бохуш, сурт хIиттадо Iедалхоша, ткъа ма-дарра аьлча, лаккхара белхазалла ю цигахь, шаьш еш, арахоьцуш хIума яц, ткъа ша регион ах къевлина ю", - аьлла, комментарий йина Кадыровн дIахьедарх лаьцна бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Янгулбаев Абубакара.


Оцу тайпа Кадыровн алар забарш санна хета, къамел динчо бахарехь.


"Шегарчу хьолаца дусту стага Нохчийчохь бехачу кхечу нахера хьал а. Адамийн Нохчийчохь дац даккхий цIенош, езаниг гараж, герзах боьттина хадархой, стоьла тIехь шорто. Оьрсийчьура кхочучу дотацийн, субвенцийн, субсидийн доккхахдолу дакъа Кадыровна шенна кхочу. Вуьшта хуьлийла дац пачхьалкхерчу регионийн уггар а хьоле куьйгалхо", - дерзадо Янглубаевс.


Мангал-баттахь Кадыров Рамзанца онлайнехь хиллачу белхан цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира билгалдехира цхьа могIа Нохчийчоьнан Iедалхойн кхачамбацарш: бахархойн дахаран ледара хьелаш, ян езачу хIусаман гIишлойн барам, лоьрийн къоьлла, белхазалла.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *