Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

RT пачхьалкхан телеканало герз тIе а тухуш хийцина Афганистанера мухIажарийн сурт

Russia Today (Оьрсийчоь Тахана) пачхьалкхан агенталлана юкъайогIучу RT (Russia Today) телеканало монтаж йина ша гайтинчу Афганистанерчу мухIажарийн суьртана, нехан коча герзаш а ухкуш, яздо Карара Хан (Настоящее Время) телеканала.


ТIаьхьо телеканале ша даийтинчу кехата тIехь бехк ца биллар дехна RT-канало.




Reuters агенталлан корреспонденто даьккхинчу баккъалла а долчу суьрта тIехь гуш ду стаг а, зуда а берашца цхьаьна Мельсбрук (Бельги) тIеман базе дIакхочуш, талибаш Афганистанан коьртачу гIала чубаханчул тIаьхьа.  


Хийцина сурт гучудаьллера Russia Today телеканалан официалан ингалсан маттахь йолчу твиттерехь (2,9 миллион стаг ву оцу агIоне язвелла). МухIажарийн белшех тийсинчу тIоьрмигашна тIетоьхна Калашниковн масатоьпаш а, гранатомёт а, ракеташ хоьцу герз а.


Твитехь яздина дара: "Цхьаболчу террорхошна мехаза билет ло Афганистанера". Кхин дIа,хьастана тIейина линк а йоцуш, далош дара Америкерчу Defense One портало яздина бохуш, цIе ца йийцинчу "Американ Iедалан векало" аьлларг. "100 гергга эвакуаци йина афганхо ву лерринчу сервисаш тергоне эцначу нехан тептарна юкъахь", – аьлла дара оцу цитатехь.  


Суьртана уллехь ирхнеха яздина дара: "Хаамбар: фотошоп йина гайтар". Амма и хаамбар ган атта дацара - айфона тIехь оцу йозан лакхалла яра цхьа миллиметр цакхоччуш", - яздо Карара Хан телеканало.


166 лайк гулйина и сурт карарчу хенахь дIадаьккхина ду. Цуьнан копи йисна интернет-архивехь.


"Сурта тIехь кхетташ хоуьйтуш дара жоьпе хилар тIелоцуш ца хилар. ХIетте а, зорбане даьлла дукха хан ялале иза дIадаьккхира, цуьнан чулацам экаме амал йолуш хиларна, дар-дацар ца хилийта. Оха даре до, арадаьллачо ца хууш цхьаъ сийсаз ван мегаш хилар, бехк ца биллар а доьху оха", - хаам бина Russia Today телеканалан коьртачу редакторан когаметто Белкина Аннас.   


Кхушара Марсхьокху-бутт юккъебаьлча Талибана шен караийцира Афганистанан территорин доккхаха долу дакъа. Оцу боламан Iедалх бовдуш бу эзарнаш нах.




МухIажарш гулбелла Кабулан аэропортехь а, цхьана Китайца долу доза диссалц, Афганистанан дерриг а дозанашкахь а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *