Доьза вайначу ГIалгIачуьрчу вахархочун гергарчарна 60 эзар евро дIало аьлла ЕСПЧ-кхело
2010-чу шарахь ГIадужу-беттан 20-чохь белхан гIуллакхна Дагестане веана ГIалгIайчуьра Хутиев Мухьаммад а, Хашагульгов Мохьмад а вайра. Суьйранна ялх сахьт даьллачул тIаьхьа зIенера вайра и шиъ.
2010-чу шарахь Лахьан-беттан 5-чохь Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бехктакхаман гIуллакх диллира "Стаг вер" аьллачу артиклехь, Хутиев а, Хашагульгов а вийна хила тарло аьлла. Бинчу талламо гучудаьккхира, цу шиннан машен стационаран блокпостехь таллам бан сацийна хилар. Цул тIаьхьа царех хилларг, талламхоша къастийна дац.
2006-чу шарахь Нальчикехь вийначу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Бегиев Хызырах цуьнан доьзална 60 эзар евро далар тIедожийра Оьрсийчоьнна Товбеца-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.
Товбеца-беттан юьххьехь ЕСПЧ-но 170 эзар евро дIадалийта сацам бира Нохчийчуьрчу веа вахархочунна, 2002-чу шарера 2006-чу шаре кхаччалц ницкъахоша тIехь Iазап латторна.
Цул а хьалха декхаре йира Оьрсийчоь, ГIебарта-Балкхаройчохь йоьдучу лерринчу операцехь вийначу Емкужев Асланан нанна 70 эзар евро компенсаци кхачон.