Ковидна дуьхьал диттина дозанаш кхин а баттана дIадахдина ГIалгIайчохь
"Регионерчу Роспотребнадзоран хьехарца ГIалгIайчоьнан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас омра дина карара бутт баллалц карантин яхъеш", - яздо "Интерфаксо", Iедалхойн пресс-гIуллакххошна тIетевжина.
Могушалла Iалашъяран министралло бечу хаамашца, коронавирусан ун хIинццалц лахделла хиллехь а, тIаьххьарчу итт дийнахь вирус кхетта нах алсамбевлла махкахь.
ТIаьххьарчу зерашца, дийнахь-буса а 61 стагаца къаьстина COVID-19 вирус. Ткъа верриг а уьнах кхелхинарг ву 324 дархо.
Карарчу муьрехь 372 пациент ву дарбан хIусамашкахь, царех 154 стеган диагноз тIечIагIина ю. 40 чолхечу хьелашкахь хиларна реанимацехь латтош ву, хаамбина ГIалгIайчуьрчу Роспотребнадзоро.