Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьра виъ вахархо лаьцна Туркойчохь шпионажалла лелош хилла аьлла

Политикан а, тIеман а шпионажалла лелош хилла аьлла, Истамбулехь лаьцна арахьарчу пачхьалкхашкара ялх вахархо. Оьрсийчуьра ву виъ, Узбекистанера а, Украинера а ву цхьацца. Талламна хетарехь, Туркойчохь бехачу оппозиционерашна тIелетарш дан кечлучу цара, оьцуш хилла герз.


Hürriyet газето бина цунах лаьцна хаам, прокуратурана тIетевжина. Лецначийн цIераш а йоху ресурсо. Газетан информацица, уьш бу Оьрсийчуьра Абдулаев Iабдулла а, Ахмедов Равшан а, Расаев Беслан а, Абдулмуслимов Асланбек а, иштта Украинера а, Узбекистанера а Ефрим Игорь а, Юсупов Амир а.


Sabah газетан хаамашца, талламна хетарехь, лецнарш Оьрсийчоьнна болх беш хилла. Цаьрга кховдийначу артиклашца набахтехь даккха 15 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш йогIу царна.


Оьрсийн векалалло а, арахьарчу гIуллакхийн министралло а цхьана а кепара хиллачух хьахош дац.


Хьалхо, меттигерчу диспорана тIетевжина, Кавказ.Реалии портало хааме даьккхира, шеконашка эгнарш бузуш бу шина стагана йинчу кIелонца аьлла: блогерна Халитов Хьасанна а, Шемарчу нохчийн цхьахйолчу жихIадхойн командирна Ажиев Рустамна а.


Гезгамашин-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончана Истамбулехь тIелатарна бехкевора и шиъ. Йиттинчу Кадыровн агIончан гергарчара чIир хьейира тIаьхьо ХалитовгIарна, гарехь, нохчийн Iедалхоша гIо а лоцуш.





ГIадужу-беттан юхьхьехь дийца даьккхира Туркойчохь арахьарчу мехкийн бахархой лецарх. Царна дуьхьал леррина операци дIаяьхьира Истамбулан Къоман иччархойн организацино а, полицин терроризмаца къийсам латточу Урхалло а. Дуьйцура, шеконашкахь болчаьргара кхо тапча а,  патармаш а даьхнера бохуш.
2016-чу шарахь стаг вийна аьллачу шеконашца лецира Туркойчохь Оьрсийчуьра Анисимов Юрий а, Смирнов Александр а. Меттигерчу кхело бехкебира уьш, шайн пачхьалкхан дозана тIехь ворхI нохчо верна.
Туркойн полицина хетара, бехкебийраш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой бу аьлла. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьне дIабелира уьш туркойн агIоно. Дуьйцура, Оьрсийчохь экстремистийн леринчу Меджлисан куьйгалхой хиллачу Чийгоз Ахьмадца а, Умеров Iилмица а хийцина уьш бохуш. Аннекси йинчу ГIирмехь кхел йинера царна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *