Террорхой я бехке боцурш? ПIаьнгазарчу нохчашна тIехь кхел йийр ю Гуьржийчохь
Карарчу ГIадужу-баттахь кхел йолор ю ПIаьнгазарчу пхеа нохчочунна тIехь, Гуьржийчоьнан талламо уьш бехкебо терроран тобанахь латтарна. Амма бехктакхаман гIуллакх толлуш ду ала информаци яц лецначийн гергарчаьргахь а, я бакъонашларъярхошкахь а. Уьш кхоьру бехк Iедалхоша шаьш тIекхоьллина хиларх. Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллерчу бIаьхоша лецира Дуиси, Корети ярташкара бахархой Мачаликашвили Мохьмад, Кавтарашвили Рамаз, Багакашвили Хьамза, Цатиашвили Юсуф, Маргошвили Рамаз. Читать дальше...