Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Туркойчохь дIалецначу тобан куьйгалхочун цIе яьккхина Кадыровн критико

Туркойчохь дIалаьцна виъ вахархо Оьрсийчуьра ву аьлла, туркойн хьасташа дIакхайкхош Iораяьккхина информаци тIечIагIйина Маршо Радиоца хиллачу къамелехь нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана. Талламна хетарехь, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционерашна тIелата кечам а беш, герз оьцуш хиллера цара оцу Iалашонна.


"Ас тIечIагIдо, лаьцначу ялх стагах виъ нохчо хилар. Оцу тобанан куьйгалхо Расаев Беслан хилар а. Тхуна хьалхе дуьйна хууш дара царех лаьцна, хIинца туркойн прокуратурано а тIечIагIди-кх", - аьлла Халитовс.


Sabah газетан хаамашца, талламна хетарехь, лецнарш Оьрсийчоьнна болх беш хилла. Цаьрга кховдийначу артиклашца набахтехь даккха 15 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш йогIу царна. Оьрсийн векалалло а, арахьарчу гIуллакхийн министралло а цхьана а кепара хиллачух хьахош дац.


Хьалхо, меттигерчу диспорана тIетевжина, Кавказ.Реалии портало хааме даьккхира, шеконашка эгнарш бузуш бу шина стагана йинчу кIелонца аьлла: блогерна Халитов Хьасанна а, Шемарчу нохчийн цхьахйолчу жихIадхойн командирна Ажиев Рустамна а. Гезгамашин-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончана Истамбулехь тIелатарна бехкевора и шиъ. 




Истамбулан Къоман иччархойн организацино а, полицин терроризмаца къийсам латточу Урхалло  ГIадужу-беттан 9-чохь лецира арахьарчу мехкашкара ялх вахархо, шпионаж лелош хилла аьллачу шеконашца. Оьрсийчуьра ву виъ, Узбекистанера а, Украинера а ву цхьацца. 


Гезгамашин-бутт бовш Туркойчохь вехачу оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана бехкевира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, шен гергарчарна бакъоларъяран органийн белхахочун Арсанукаев Ахьмадан наха чIир кхайкхорна.  Делахь а, Халитовс Европехьчул а шена Туркойчохь атта ду боху ша а, шен доьзал а Iалашбан.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *