Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан" декъашхошна критика йина нохчийн лаккхарчу политикаша

Инстаграмерчу шен агIонехь хIоттийначу эфирехь вистхилла нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанех йолчу гIалгIайн тайпанийн Кхеташонан декъашхойн позицина критика еш. Нохчийн парламентан спикеро дIахьедина, Кхеташонан декъашхой – Нохчийчохь "куьйг лун нах бац" аьлла.

"Шух цхьахволчо дIахьеде, хоккху дийнахь, оццу меттигехь Фортанган доза хадон дагахь ву ша алий, ас дош ло-кх, шун хечех байракх а йина, хийистехула дIасавохуьйтур ву аьлла. Олуш ма-хиллара, дIа а хьарчийна, юхахьажор ву", - аьлла Даудовс.

Спикеро билгалдаьккхина, гIалгIайн къомах а, ГIалгIайчоьнах а хьакхалуш цахилар ша бохург, буьйцурш беккъа тайпанийн Кхеташонан декъашхой бу аьлла. "Iедале гIерта жIуга" ю аьлла цо уьш.

И латтанаш цкъа мацца а гIалгIайн дара алий, ШарIица а догIуш, дуй баа аьлла масех де делла цо тайпанийн Кхеташонан массо а жигархочуьнга. Шегахьара, дIахьедо цо, ша а ву дуй баа кийча, и латтанаш хилла а ду, дан а ду нохчийн аьлла.

Оццу суьранна Пачхьалкхан думан депутат Делимханов  Адам вистхилира ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан декъашхоша динчу дIахьедаршна кIоршаме жоп луш. "ЖIуганийн тоба" ю элира цо царна, нохчашна шайн хетарг дIаяккха аьлла, питана а тосуш.

ТIаьхьо нохчийн парламентан депутат волчу Ханбиев Мохьмада билгалдаьккхира шен вистхиларехь, шаьш лелорриг лелочу нохчийн эмигранташца цхьаьнакхетча гIоле ду ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан декъашхошна аьлла.

"Шу санна ловсакхаш (болтуны) ю уьш а, царна а хазахета, шуна а санна, дукхалуьйш", - дIахьедира цо шен видеохь.

Нохчийн куьйгалло оцу кепара шога реакци яран бахьана дара, кху деношкахь ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташоно, шина субъектана юкъахь дозанех куьйгашъяздинчу бертан хьокъехь дискусси карлаяккха еза аьлла, нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашка бина кхайкхам.

Масех де хьалха Кадыровс "провокаторш" бу элира, "националистийн карта ловзон гIерта" протестхой, ГIалгIайчоьнна дуьхьал ницкъбоккхур бу аьлла, кхерам а тосуш.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертана куьйгаш яздира 2018-чу шеран Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь, хIетахь гIалгIайн куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а тIечIагIдира сацам бакъонца бу аьлла. Оцу тIехула митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: акцеш дIаяьхьира 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Дозанаш къастор нийсонца дацара, протестхошна хетарехь.

Карарчу хенахь Ессентукехь дIайоьдуш ю гIалгIайн протестийн ворхI лидерна тIехь кхел. Царнабехкедиллина Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхар. Набахтехь яккха ворхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш ехна царна прокуратуро.

Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Американцы готовы урегулировать конфликт с Россией: Москве поставили два условия

1 июня в МОНИИАГ прошел день открытых дверей для будущих мам и их семей

Полиция задержала подозреваемого в стрельбе в московском районе Бибирево

СК: жительницу Ингушетии осудили на 4 года условно за продажу ребенка

Музыкальные новости

Артисты – они все особенные!

Гендиректор Быстринского ГОКа стал старшим вице-президентом «Норникеля»

Один из лидеров «Салавата Юлаева» подписал контракт с ЦСКА: теперь официально

Собянин открыл пешеходную галерею между станциями метро и МЦД-4 Кутузовская

Новости России

Врачи Улaн-Удэ cпacли жeнщинy, кoтopaя нe мoглa ecть двa мecяцa

RooX UIDM защитит от перехвата токенов

Новые квартиры в СВАО получили почти пять тысяч семей

Военный суд в Москве оправдал пятерых участников ЧВК «Енот»

Экология в России и мире

Победитель фирменной игры «Авторадио» получил ключи от Oting Паладин

В филиалах АО "Желдорреммаш" прошли мероприятия ко Дню защиты детей

Тысячи активистов разгромили офис Socar в Стамбуле, обвинив «Азербайджан» в поддержке геноцидальной политики Израиля в Палестине

Фотопрогулка по советским городам. Классная серия!

Спорт в России и мире

Мирра Андреева впервые вышла в четвертьфинал турнира Большого шлема

17-летний россиянин Даниил Саркисян разгромил Форбса из США на юниорском «Ролан Гаррос»

Ролан Гаррос. Расписание 2 июня. Потапова и Швентек сыграют первым запуском, Синнер – последним

Мирра Андреева обыграла представительницу Франции Грачеву на "Ролан Гаррос"

Moscow.media

Терминал сбора данных (ТСД) промышленного класса SAOTRON RT42G

Новые мониторы Xiaomi на российском рынке

Стартовал ремонт 25 км трассы Нижний Новгород – Великий Устюг в Костромской области

Талантливый актер и неугомонный скандалист - несчастная судьба и ранний уход Николая Сектименко







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *