ХIора воьалгIа даймехкан тIеман ветеран велла Оьрсийчохь пандемин муьрехь
2021-чу шеран ГIадужу-беттан 1-чу денна Оьрсийчохь верриг а висина 896 806 даймехкан тIеман декъашхо а, ветеран а. 2020-чу шеран Охан-баттахь цхьа миллион 210 эзар вара уьш. Пандеми лаьттачу цхьана шарахь а, эхашарахь а велла царех 312 эзар стаг, йа вуьшта аьлча, 26 процент. "Ведомости" гIирсо яздо цунах лаьцна, къинхьегаман министраллан зерашна тIетевжина.
ХIинццалц схьа иштта маса лахлуш дацара церан терахь. 2019-чу шеран юьххьехь Оьрсийчохь вехаш вара цхьа миллион 280 эзар дуьненан ШолгIачу тIеман декъашхо а, ветеран а.
ТIаьххьарчу цхьана шеран а, эхашеран а динамико гайтарехь, церан терахь лахдала доладелла цкъай, эхаззий дукхаха. Баларш алсамдовларан коьрта бахьана ду – коронавирусан ун а, COVID-19 вирусна дуьхьал вакцинаци яр а лахарчу тIегIанехь хилар.
Росстатан зерашца, COVID-19 уьнах кхелхина 83 процент – 60 шерел тIехбевлла нах бу. Хенара болчу пациентех эханна оьшу дарбан хIусамашка охьабийшор. Къаношна кхетта цамгар сиха кхуьу, цаьргара хьал маса чIагIло кхаа дийнахь.
Оьрсийчоьнан бахархошлахь хенара болчу нахалахь кхозлагIа дакъа бен дац вакцинаци йина, хаамбора оперативан штабо.
Дукхахйолчу оьрсийн регионашлахь 60 шарал тIехбевлла нах чохь буьтуш раж юкъаяьккхина Iедалхоша.