Кадыров Рамзанан ден цIарах хир ю Нохчийчуьра ОМОН а, СОБР а
Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан ден цIе тиллина Нохчийчуьрчу полицин лерринчу декъана. "Ахмат" СОБР, "Ахмат-Грозный" ОМОН, "Ахмат-Крепость" ОМОН – иштта цIераш лелор ю хIинца дуьйна оцу дакъоша. "ВКонтактерчу" шен агIонехь Кадыров Рамзана дIахьедарца, керла цIераш техкина царна Оьрсийчоьнан Къоман гвардин эскарийн Федералан урхаллан омраца. Цо бахарехь, оцу дакъойн цIе хийцаро "йоккха стимул лур ю эскархошна кхин дIа а гIуллакхдан". Маршо Радионо яздира... Читать дальше...